Оьрсийчоьнан Кхарачой-Чергазийчуьрчу Талламан комитетан урхалло бехктакхаман гIуллакх диллина махкарчу Прикубанскан кIоштарчу 34 шо долчу яхархочунна дуьхьал. Иза бехкейо, Оьрсийчоьнан интересашна бIостане йолчу Iалашонашца "Герзашца вовшахтоьхначу тобанахь хиларна" а, "Арахьарчу пачхьалкхан дозана тIехь боьдучу тIамехь дакъалацарна" а.
Талламан версица, шеконеэцнарг Шемахь хилла 2012-чу шеран ГIадужу-баттахь, "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь йихкина ю организаци, террорхойн а лаьрра) шех олучу тобанан декъашхошлахь жигара дакъа а лоцуш. Юьйцу жима зуда дуьненаюкъарчу лехамашка елла.
- Хьалхо хаамашкахь дуьйцура, Къилбан тIеман кхело тIечIагIдарх, Ставрополера 37 шо долу Курбанов Алишер Шемахь террорхойн вовшахтохараллехь дакъалаьцна ву аьлла. Шогачу хьелашкарчу колонехь даккха 12 шо хан туьйхира цунна.
- Шемахь тIемаш бина ву аьлла, бехк тIечIагIбинчу Дагестанерчу вахархочунна Айвазов Азаматна колонахь даккха 13 шо туьйхира, хьалхара шиъ набахтехь а токхуш. Кхелахошна къаьстинера, 2015-чу шарера схьа дуьйна Шеман дозана тIехь даIишхойн тобанехь дакъалаьцна хиларх кхеле хIоттийначо. Айвазовна тIедиллинера, 2016-чу шарахь, шен нана а Iехийна, герзашца вовшахкхеттачу тобанийн декъашхойн банкан реквизиташ еллера цо. Дерриг а оцу чоьташ тIе даьккхинарг ду цо 377 500 эзар сом.
- Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.