Британин Times Higher Education (World University Rankings THE) журналан версица, тоьллачу дуьненчуьрчу университетийн тептаре язйина Оьрсийчуьра 60 лакхара доьшийла. Рейтинг хIоттийчхьана схьа уггар а рекорде терахь ду иза.
Оьрсийчоьнан доьшийлашлахь лидер яьлла Москвара пачхьалкхан Ломоносовн цIарах йолу университет.
Кху шарахь 16-гIа позици дIа а лоцуш, 158-гIа меттиг дIалаьцна цо.
Тоьллачу 200-топ юкъа яхна цхьаъ бен йоцу Оьрсийчоьнан лакхара доьшийла - Москвара пачхьалкхан университет.
Рейтинга юкъа лаьрра ишта Москвара физикан-техникан институт а, Сийлахьчу Петран цIарах йолу Санкт-Петербургера политехникан университет а, экономикан Лаккхара школа а, Къоман талламан ядеран университет МИФИ а, Санкт-Петербургера ламанан университет а, Плехановн цIарах йолу Оьрсийчоьнан экономикан университет а, Донера пачхьалкхан техникан университет а, Къоман талламан технологин университет МИСиС а, ишта кхин ерш а.
Ерриг а хIоттийначу тептаре язйина ю дуьненчуьрчу 99 пачхьалкхера а, регионашкара а 1,6 эзар лаккхара доьшийла.
Пхеа тобане ерзийначу 13 барамашца билгалъяьхна ю доьшийлаш: Iилманан белхашкахь хьехор, инновацешца мехала хазна латтор, талламан белхаша бен пайда, хьехаран дикалла, тоьлла арахьара студенташ а, белхахой а юкъаийзо таро хилар.
Тептарехь хьалхарчу итт тоьллачу университеташлахь ю Великобританин а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а доьшийлаш. Рейтинган хьалхара могIа Оксфордан университето дIалоцу ялхолгIа шо а ду. ШолгIаниг кхочу Цхьаьнатоьхну Штаташкарчу шина доьшийлана -Калифорнин технологин институт а, Гарвардера университет а.
Ишта иттаннашлахь ю Стэнфордан а, Кембриджан а, Массачусетскан технологин, Принстонан, Калифорнин Берклера универаш а, иштта, Йельскан а, Чикагон а университеташ а.
Товбеца-баттахь Forbes журнало а зорбане даьккхира Оьрсийчуьрчу тоьллачу доьшийлех рейтинг. Шо хьалха а санна, хьалхара меттиг баьккхира экономикан Лаккхарчу школо. Цунна тIаьхьа яра МГУ, Forbes-н рейтингехь кхоалгIа меттиг кхечира МИФИна.