ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дукха Iалашонаш яра сан". Стенах уьду Афганистанера мехкарий а, зударий а – бисинчийн кхолламех а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Шайн хIусамашкара ара ма довла аьлла, "хьехна" тIалибаша зударшна: тобанан куьйгалло кхеторехь, цхьана ханна а, церан кхерамзаллин дуьхьа а боху цара, могIарерчу тIалибашна зударшца муха хила веза "Iаммалц". ТIаьхьо и низамаш мел а кIаддан чIагIо йо цара, яздо Настоящее Время телеканало.

Амма массао а зуда кийча яц оцу хийцамашка хьежа, цкъачунна уьш балхара дIабоху, бурканаш тIеюхуьйту, хIаллакдийр ду бохуш, кхерамаш а туьйсу.

Кабулера тIаьххьара эвакуаци ечу заманчохь шайн ма-хуьллу пачхьалкхера дIабаха хьийзара бIеннашкахь афганхойн доьзалш.

"Тхуна массарна а дика хаьа, керла эккхийтар юха а муьлххачу мIаьргонехь хила йиш юйла, Дела ву теш. Амма тхан дукха проблемаш ю, тхуна дуьсуш кхин хIуммаъ а дац, кхоьрушшехь, денна кхуза а оьхуш, тхайн дIадаха аьтто хиларе сатийсар бен", - боху Кабулан вахархочо Херави Ахьмадуллас.

Бакъду, массеран а аьтто ца болу аэропорте дIакхачар-м стенна хьехадора, маьлхан серло ган а, ур-атталла. Чохь совца аьлла, дихкинчул тIаьхьа беа пена юкъахь йисина 18 шо долу Баран Салги. Кху шарахь йоллу Афганистанехь а лаккхара баллаш яра цуьнан деша хIуттуш дIаеллачу экзаменашкахь. Лор хила дагахь яра иза.

"Ма дукха Iалашонаш яра сан. Масех шарна хIиттийна планаш яра сан", - дуьйцу Салгис. – Амма хIокху керлачу Iедалца сан тешам байна уьш кхочушъян ницкъ кхочур бу бохучух, сайх кхана хIун хир ду а ца хаьа суна. Зударшна цара хIун дийр ду? Со хууш яц…"

Зудаберех лаьттачу афганхойн робототехникий командо масех бутт хьалха дуьненаюкъарчу гайтамехь йовзийтира шаьш кхоьллинарг – пехашна хIо латто аппарат.

Къежа а къежаш, арахьарчу хаамийн гIирсашна лучу интервьюхь дуьйцура цара, шаьш кхуллучу аппараташца дуьне хийца лууш хиларх. ТIалибаша мохк дIалаьцча, царна кхераме хила тарло Iилманан белхаш кего.

20 шо хьалха тIалибийн куьйгакIел хан яьккхинчу кхеран дайша-наноша дуьйццург бен ца хаьара царна хIинццалц схьа.

"ХIетахь со хилла яц дуьненчохь, дас-нанас дуьйцура суна, оцу хенахь зудаберийн бакъонаш яцара бохуш. Школе а ца оьхуьйтура уьш тIалибаша, маршо яцара церан. Даим а чохь-кертахь хила дезара церан, бераш кхиош, чуьра гIуллакх а деш", - дуьйцу командан тобанхочо Фарукъи Сумаяс.

Кабул тIалибаша дIалаьцначул тIаьхьа махкара дIадахарх лаьцна дуьйцийла а яцара. Маса гIуллакх ца хиллехь а, кхаа дийнахь ладоьгIуш Iийна, масийттазза арадовла гIоьртинчул тIаьхьа роботехникийн тобана эвакуаци яр нисделира. Цхьадолу зудабераш Катаре дахана, вуьйжуш Мексике.

"Оха дерриг а Афганистанехь дитина. Тхан лаамаш бара. Оха тхайн доьзалш битина цигахь. Тхайн доттагIий. Боллу тхешан гергарнаш, я цаьрца Iодика ян а ца кхиира", - дуьйцу командан декъашхочо Хайдапур Айдас.

20-х шерашкахь тIалибаш боцучу заманчохь Афганистанехь мехкарийн а, зударийн деша а, болх бан а, кхоллараллехь къахьега а бакъонаш хилла ца Iаш, таро яра Iедалехь хила а.

Массанхьа а ца хиллехь а бакъонаш ларъеш, хIетте а зударийн йиш яра шайн бакъонаш къийса. 29 шо долчу Гафари Зарифин, Афганистанерчу уггар а консервативе йолчу Майдан-шар гIалин мэр лаьттинчун истори цхьана хенахь дуьненах чекхъелира. Афганхойн политике зударий бухабалоран символ хилла дIахIоьттинера иза.

2018-чу шарахь, цуьнан дуьххьарчу белхан дийнахь кIело йира цунна. 2020-чу шарахь тIалибийн агIончаша вийра цуьнан да. Хьалхо тIалибаша урхалла дечу заманчохь кхиъначу Гафарис Афганистанехь вовшахтуьйхира бакъоларъяран организаци, зударийн бакъонаш къуьйсура цо.

Ткъа хIинца, цуьнан доьзална кхерамаш тийсинчул тIаьхьа яда дийзира цуьнан. Германи дехьаяьккхина иза.

"Нагахь баккъал а Афганистанан урхалла дан "Талибан" лууш елахь, 50 процент бахархой а боцуш, церан ницкъ кхочур бац, - тешна ю Зарифа. – Пачхьалкхерчу хиламийн доккхачу декъехь бара зударий, тIаьххьарчу 20 шарахь тхан пачхьалкхехь гучу мел даьлларг, тхан зударша дина ду".

Афганхойн зударийн тIалибашца хиндолчух гойту Хассани Шамсияс. Шен белхаш твиттерехь а, инстаграмехь а зорбане доху цо. Урамашкахь граффити яхка йоьллачех дуьххьарлера зуда ю иза.

ХIинца а Кабулехь юьсуш ю иза. Кабулерчу аэропортехь лелхийтарш динчул тIаьхьа зорбане хIоттйира цо шен тIаьххьара болх: "ТIалибех бевдда бовла гIоьртина нах байъина. Къемат цкъа а чекх ца долу."

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG