ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дукхахболчу Оьрсийчоьнан бахархошна ца хаьа Муратовна Нобелан совгIат даларх


Муратов Дмитрий
Муратов Дмитрий

"Левада-центро" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьара агент лерина) бинчу талламца а догIуш, Оьрсийчоьнан бахархойх 4-чу декъана бен ца хаьа "Новая газетан" коьртачу редакторна Муратов Дмитрийна Нобелан машаран преми деллийла. 73 процент респонденташа аьлла, дуьххьара хезаш ду шайна цунах лаьцна. Муха дог-ойла гIаттайо шун оцу хаамо аьлла, деллачу хаттарна жоп луш, 26 проценто хазахетар гайтина, биэндацар хаийтина 64%.

Муратов воцург а, кхин Оьрсийчуьра мила ваьлла Нобелан машаран премин лауреат хаьттича, дукхахболу хаттамехь дакъалаьцнарш (72 процент) ца хIоьттина жоп дала. 11 процент респонденташна дагавеана Советан пачхьалкхан президент лаьттина Горбачев Михаил, 10 проценто хьахийна – академик Сахаров Андрей, 7% - яздархо Солженицын Александр, 4 проценто цIе яьккхина физикан – Алферов Жоресан.

Кху шарахь Нобелан машаран премин лауреаташ къастийра "Новая газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий а, Филиппинашкара журналист-талламча Ресса Мария а.

"Новая газето" кест-кеста материалаш зорбане йоху, Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохорах лаьцна. Зазадокху-беттан 15-чохь "Новая газето" зорба туьйхира, Нохчийчохь кхел йоцуш байъинчу нахах ша бинчу талламан шолгIачу декъана. Кадыров Ахьмадан полкан хиллачу белхахочо, лакхарчу сержанта Гезмахмаев Сулеймана Нохчийчохь лелочу Iазапех а, байъинчу бахархойх а дина мукIарло дара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG