Пачхьалкхан кхерамзаллин урхаллица юкъахь Украинан коьртачу прокуроран Офисо хаамбина, "Ахмат" лерринчу тобан командирах Мусаев Изнаурах шеконаш ю шайн аьлла. Ницкъаллин структурийн зерашца, Киевн кIоштара Бучанскан кIоштан дIалецначу дозанаш тIехь хилла ву бIахо.
Мусаевс а, цуьнан куьйгакIел хиллачу "Ахмат" декъан эскархоша а рейдаш дIакхоьхьуш хилла, меьрша бахархой кхерош, тIехь ницкъбеш, "ВСУ-ца юкъарло лелор сацадайта гIерташ", аьлла ду урхаллин хаамехь.
2022-чу шеран зазадокху-беттан 27-чохь цхьахйолу рейд дIахьочу заманчохь бехкевечо коьртах тапча йиттина пхиъ маьрша вахархо вийна хилла. Царлахь – ши зуда а, кхо стаг а ду.
Оьрчийчоьнан агIоно а, иштта Нохчийчуьрчу официалан куьйгалло а цкъачунна информацих лаьцна йина комментарий яц.
ТIетуху, Соьлжа-ГIаларчу пхеа гIатах йолчу цхьана гIишлон фасада тIехь диллина ду, "турпалхо" ву аьллачу Мусаев Изнауран сурт.
- Марсхьокху-беттан 25-чохь Украинан пачхьалкхан бух бохо гIортарна шеконашка ийцира Украинан СБУ-но Нохчийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь, "Ахмат" лерринчу декъан командир Алаудинов Апти. Юхататта йиш йоцу тоьшаллаш гулдина СБУ-но Алаудинов бехкехиларх, билгалдаьккхира урхаллин сайтехь. Доккхачу декъанна буьйцург бу зазадокху-бутт-охан-бутт, хIетахь Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалоцуш вара иза, "Ахматан" куьйгалла а деш Рубежное, Кременная, Северодонецк гIаланашкахь.
- Кадыровн рожан критикаша дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов тIамтIе ваханера "бехкех цIанвала" - Кадыровна хьалха "бехк дIабаккха", "Новая газетан" хаамашца, "забар йеш, Кадыров Рамзанан суьртана тIара тохар" дара цунна дуьхьал даьккхинарг.
- Товбеца-баттахь видео яржийра машанехь, цу тIехь схьагарехь, Оьрсийчоьнан эскархочо гIело хьоьгуьйту украинхойн йийсархочуьнга, канцелярин уьрсаца воIу цо иза; цул тIаьхьа тапча туьйхира йийсархочунна. Bellingcat, The Insider ресурсашна гучуделира, и стаг "Ахматера" эскархо хилар.