ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Думан дуьхьалонан комитетан декъашхочунна инарла Соболевна критика йина Кадыровс


Нохчийчухула йолчу Росгвардин Урхаллин гIишлойн комплекс схьайоьллучу барамехь лаьтта республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2022-чу шеран гIуран-беттан 28 де

Армехь мажош лелор къобалдеш вистхилла волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана критика йина пачхьалкхан думан дуьхьалонан комитетан декъашхочунна инарла-лейтенантана Соболев Викторна.

Армехь мажош магор йац бохуш, оьрсийн тIеман корреспонденташа йаржош хиллачу информацина комментари йеш, дечкен-беттан 18-хь Соболевс РБК-не дIахьедира, "[эскархо] месаш а, маж а тойина вацахь, и догIуш дац йа стагехь, йа салтичуьнгахь".

"ТIеман догойла хьаша Iалашонца долийна питана" ду элира и дешнаш Кадыровс шен телеграм-каналехь.

"Инарла-лейтенантан Соболев Дмитрийн шортта маьрша хан йолчух тера ду балхахь, дан хIума доцуш, йух-йуха низамийн жайна доьшуш Iаш и валахь", – йаздина Кадыровс, иштта тIеман хьалхене вахар а хьехна цо цунна.

Кадыровс бахарехь, 99,9% Нохчийчуьрчу эскархоша сунница а догIуш маж лелайо (Мухьаммад пайхамаран дахарх лаьцна сийлахьа хаамаш. – Ред. билг.). Шайн йаххьаш тIехь долучунна тIехь дола деш лела уьш, боху Кадыровс.

  • Дечкен-беттан 17-хь шен телеграм-канале хIоттийначу интервьюхь Кадыровс оьрсийн ГIашсалтийн эскарийн коьрта буьйранча хилла волчу Болдырев Владимирах "бла-бла-бла инарла" аьлла. Болдыревс Кадыровх лаьцна дечкен-беттан 10-хь дира къамел. ГIашсалтийн эскарийн куьйгалле Лапин хIотторна комментари йеш, инарлас дIахьедира, маьрша вахархо волчу Кадыровн бакъо йацара цунна критика йан.
  • ГIадужу-баттахь украинхойн Лиман гIала оьрсийн эскарша дIатасарна бехкевира Кадыровс Централан тIеман гонан инарла-майор волу Лапин Александр, "похIма доцу стаг" элира цо цунах. ТIаьхьо Лапин оцу даржера дIаваьккхира.
  • Цул хьалха Кадыровс хьулйинчу кепехь критика йира карарчу хенахь оьрсийн эскаран Цхьанатоьхначу тобанийн буьйранча волчу Герасимов Валерийна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG