ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Думехь болх бан реза ца хилла министраш Лавров а, Шойгу а


Лавров Сергей а, Шойгу Сергей а

Харжамашкахь толам баьккхинчул тIаьхьа "Единая Россия" партин тептаран хьалхара пхи меттиг дIалоцуш хиллачу пхеаннах 4 реза ца хилла парламентехь болх бан.

Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, Коьртачу харжамийн комиссин сацаман проектана тIе а тевжаш, яздо Свобода Радионо.

Реза ца хиллачарна юкъахь ву тIеман министр Шойгу Сергей а, арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а, Москварчу Коммунаркера госпиталан лор Проценко Денис а, "Сириус" центран куьйгахо Шмелева Елена а. Уьш берш а бюллетенна юкъатоьхнера Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран лаамца.

Лавров а, Шойгу а тептарна юкъахь хилар аналитикаш кхета дора церан шайн рейтинг лакхар хиларца, харжамаш тIекхочуш шен партин рейтинг лахара а йолуш.

Лакхара антирейтинг хиларна тептарна юкъа ца туьйхира президент хилла Медведев Дмитрий, дуьйцу Би-би-си-н Оьрсийн сервисо.

Парламентан Лахарчу чоьне харжамаш хилира Гезгмашин-беттан 17-19-чу деношкахь. Официалан хаамашца а догIуш, "Единая Россия" партино 49,82 % кхаьжнаш а гулдина, цхьана мандатан гонашкахь тоьлларш а юкъатоьхча, дIалаьцна Думехь 324 меттиг.

Оппозицин векалша билгалдоккху харжамашкахь дуккха а харцонаш а, фальсификацеш а лелийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG