ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь а, Парижехь а хиллачу бохамаша синтем байина Малхбузерчу нохчийн


Австри, Венин полици. Архивера сурт. 2018.

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:11 0:00
Линкана тIе

ПIераскана сарахь яйна хилла нохчийн доьзалера 7 шо долу йоI йийна карийна. Пластикан тоьрмигана чохь цуьнан дакъа карийра полисхошна шоьтан Iуьйранна коммуналан белхахоша нехаш дIахьош цхьана контейнерна чохь.

Хадижат цIе йолу йоI яйнера пIерскана дийнахь делкъалтIаьхьа. Сарахь 4 долуш иза ловзуш гинера Шпиттелау кIоштахь ша ехачу хIусамана гена доццуш йолчу паркехь.

ТIаьхьо йоI цIа ца еача орца даьккхинера гергарчара. Социалан машанашкахь а даржийра йоьIан сурт а, иза лоьхуш хиларх лаьцна хаам а. Жима йоI лаха арабевлира полицин белхахой.

Сахиллац цара теллира гонахарчу цIенойн тхевнаш а, гIишлошна бухара чоьнаш а. ЙоI хоьттуш чекхбевлира полисхой лулахошкахула а, иза тIаьххьара гинчу паркехь хиллачу нахехула а.

Венерчу полицин зорбанан сервисан векло Штайрер Иринас хаам барехь, йийна йоI карийнера шоьтан-дийнахь Iуьйранна. Амма билггал иза Хадижат ю-яц къастталц собар динера Iедалша цуанах оаьцна хаам ца беш.

Жима йоI маца йийна а, муха йийна а тIаьхьо хоуьйтур ду, элира полицин векало. Карарчу хенахь полицина хуург ду иза ницкъ бина йийна хилар. Иза динарг мила ву цкъачунна ца хаьа Венин полицина.

Амма, вуно адам гIайгIане дожош а, бале лоцуш а дина зулам хиларна, садаIар доцуш таллам дIахьош бу полицин белхахой.

Кхин цхьа вон хаам кхаьчна Шоьтан сарахь Парижера. Цигахь гIалин юккъехь болчу урамехь карахь диг а, урс а долчу жимачу стага тIелатар дина Монсини урамехула дIасалелачу нахана.

Иза Нохчийчохь 1997-чу шарахь вина хилла аьлла, хаам бина кIиранан дийнахь Reuters агенталло, меттигерчу кхеларчу хьастана тIе а тевжаш (муьлхачу къомах ву хьахош дац).

Урс тоьхна стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо, хаам бо меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле иза ларийна цхьа стаг ве а, веанна чевнаш ян а.

Reuters-о бинчу хаамца, цуьнан да-нана лаьцна ду полицино. И шиъ ледеш ду. Reuters ца дуьйцу зуламхо мьлхачу къомах ву. BFM TV телеканало хаам бо, иза оьрсийчоьнахо хилар.

Мила тоьлур ву аьлла хета шуна Мейвезер Флойд Нурмагомедов Хьабибах латахь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG