ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисо дIахьедар дина, Владимиран кIоштахь террорхо хила мегагаш волу ши стаг вийна шаьш аьлла. "Интерфаксо" дийцарехь, и шиъ Юккъерчу Азера схьаваьлла ву.

Байинарш Оьрсийчоьнан территори тIехь теракташ ян кечлуш хилла боху Iедалша. ФСБ-но бинчу хаамца, и ши стаг вийна тIематасадаларехь. Цаьргахь карийна масатоьпаш а, амуници а, лелха хIуманаш а.

Вийначу шина стеган цIераш йохуш яц.

XS
SM
MD
LG