ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

19 метр кIорга гIу чуьра ши белхахало кIелхьарваьккхина Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Устрада-гIала.
Нохчийчоь -- Устрада-гIала.

Устрада-гIаларчу цIеяйархоша кIелхьарваьккхина ши белхало. Иза хилла Мескер-юьртана гергахь йолчу бензин а, мехкадаьтта а духкучу станцехь, хаам бо chechnyatoday.com сайто.

19 метр кIорга гIу чохь болх беш кхетамчуьра ваьлла цхьа белхахо. Изза шена хуьлуш дуй а хиина, цо гIо дехна шайн кхоалгIачу накъосте. Амма цаьршинна гIо дан гIоьртинчу кхоалгIачу белхахочуьнан корта хьийза болабелла. Делахь а цуьнан аьтто баьлла, гIу чуьра хьала а ваьлла, гIо деха.

Орцахбевллачу цIеяйархоша хьалаваьккхина гIу чуьра ши стаг, алпинистийн гIирсах пайда а оьцуш, хаам бина Нохчийчуьрча орцаллан министраллан зорбанан сервисо.

Болчу хаамца, лоьраша гIо дина бохам хиллачу шина стагана. Церан дахар кхерамехь дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG