ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Симмеринго дозалла до нохчочух


Венерчу Симмеринг кIоштарчу NG Wien клубе шоьтадийнахь баьхкина дукха хьеший бара: клубан декъашхой, спортхойн дай-наной, гIалин администрацин векал, Венерчу дзюдон федерацин президент, ишта кх дIа а. Австрин дзюдохула чемпион ваьлла нохчо Бибулатов ИбрахIим декъалварца гулбеллера уьш. 200 сов кегийрхой бу оцу клубехь лата Iемаш. Интересе дерг ду, царлахь къаьстина дукха нохчий хилар. Цундела, Симмеринган администрацин векало, Бибулатов декъал а веш, шен къамелехь аьллачу дешнаша массеран а дегнаш иракарахIоттийра, кхи дIа а хьуьнарш даха.

XS
SM
MD
LG