Оьрсийчуьра веддачу иччархочунна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлияна а Британехь дIовш даларна бехкеечу Оьрсийчоьнна дуьхьал хIиттийначу санкцийн шолгIа тептар леладоьлла оршоьтадийнахь. И документ довза йиш ю Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Федералан реестран сайта тIехь.
Цхьана декъанна, санкцеш хьакхало Оьрсийчоьнна кхечу пачхьалкхаша лучу ахчан декхарех. Шайн а, дуьненаюкъарчу а финансийн хьукматашка Оьрсийчоьнна кредиташ цадалар тIедожадо Штаташа.
"СкрипалгIеран санкцийн" тептар шордеш дуйла гучуделира кху беттан юьххьехь. ХIетахь хаам баьржира, и керла тептар шарна лерина ду, аьлла.
Оцу санкцийн хьалхара дакъа Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа юкъадаьккхира шо хьалха. Вашингтоно Москох декхарейира ша химин герз лелош дац аьлла тоьшалла дан а, химин а, биологин а герзаш кхуллу шен хьукматаш инспекторшка таллийтар а. Амма Оьрсийчоьно кхочуш ца дира и дехар.