ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еха маж лелор дихкина Кадыровс маьждиге ца лелачу бахархошна


Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, маьждиге ца лелачу республикан бахархоша шайн еха маж дIаяккха еза. И аьлла цо республикан урхаллица хиллачу рогIерчу кхеташонехь.

"Кхин цхьа мода яьржина вайна, газан санна еха маж лелош. Делан дуьхьа лелош яц цара иза – иза Делан дуьхьа лелош верг маьждиге лела веза, ресторанашкахула кхерста хан хила ца еза цуьнан, Iибадан дан деза цо. Зуькаршка, маьждиге леларг – тхо кхета. Церан маж мел еха хилча а тхуна иза новкъа яц. Диснарг вайн гушдерг политикана дуьхьа деш ду, кеп хIиттош", - дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Политико бахарехь, "гай, букъ гуш йолу майкаш йоьхна" божарша "йоца, тIехь дола деш маж лело еза".

  • Оцу кхеташонехь Кадыров Рамзана меттигерчу хьаькамашкара бехкаш даьхна балхаца доьзна доцчу гIуллакхе шаьш боьлхуш а цара шайн хадархойх тIехсов пайдаэцарна. Цунах лаьцна цо дIахьедина тIаьххьара мехкан урхалхошца хиллачу кхеташонехь. "Нагахь санна, республикехь оццул хадархой лелон шу декхаре делахь, шу дерриш а оьшуш ма ца хуьлу тIаккха",- аьлла Креспубликан куьйгалхочо.
  • Каспийскерчу вахархочо дийцина бакъоларъярхошка, ша бух боцучу бахьнаца полице кхайкхинера, хеттарш дира, сурт даьккхира, профилактикан чоьте а хIоттийнера "экстремист" категорехула, аьлла. Иза лелоран бахьна, полицин белхахоша бахарехь, цуьнан еха маж а, Махачкалара "Тангъим" маьждиге вахар а дара.
  • Узбекхойн иллиалархочо San Jay-с президенте Мирзиёев Шавкате яздира: цо бахарехь, маж хиларна концерташ ца хIиттайойту цуьнга. "Конституцехь яздина дац, Узбекистанерчу вахархочо маж лело мегаш дац, аьлла", - латкъам бина йишлакхархочо, цуьнан баккъала йолу цIе Джавбердиев Санжар ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG