ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экажевохь латтанашца харцонаш лелорна шеконаш кхоллаелла хьаькамех


ГIалгIайчуьрчу Экажево эвлан администрацин белхахойх шеконаш тасаелла, бух боцуш меттигерчу бахархошна 1,3 миллион сом мах болу латтанан дакъош церан ду аьлла, кехаташ кечдарна.

Талламан версица, исс баттахь, 2017-чу шеран ГIадужу-баттера схьа дуьйна меттигерчу масех вахархочунна Экажевон администрацин хьаькамаша документаш деллера, гIишлош ян таро луш, церан цIартIехь латтанаш ду аьлла. Оцу кехатийн буха тIехь, 1,3 миллион сом сов мах болу латтанаш бахархоша шайна дерзийнера аьлла хета талламхошна.

Шайна даржаша еллачу бакъонел совбийларна, шеконашка эцна хьаькамаш, хаамбина ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхалло шайн сайтехь.

Билггал администрацин маса стаг жоьпе озийна хууш дац. Билгалдаккха догIу, оцу артиклехь кхеле хIоттийначунна деа шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо.

  • Охан-беттан 10-чохь коррупцина бехкевина лецира Дагестанера Ространснадзоран 13 хьаькам, урхаллан куьйгалла дийриг а цхьаьна.
  • Хьарамлонаш лелорна а, зуламхойн тоба вовшахтохарна а бехкевина лецира Дагестнан туризман министр волу Ибрагимов Расул. Талламан версица, гIеметтахIоьттинчу нахана а, заьIапхошна а догIуш хилла бюджетера 620 миллион сом лачкъийна хилла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG