ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Экстремистан зуда муха хилира сох" фильм яккха дагахь ду Дагестанан Iедалш


ХIинжа-гIала, Дагестан
ХIинжа-гIала, Дагестан

Дагестанан къоман политикехула а, динийн гIуллакхашкахула а йолчу министраллао 696 эзар сом лур ду, "Как я стала женой экстремиста" (Экстремистан зуда муха хилира сох) цIе а йолуш, документалан фильм яккхинчарна. Iедалша кхайкхийначу къовсамехь толам баьккхина, марзлуш долу ловзарш дIахьуш а, химица бедарш цIанйечу фирман а Пятигорскерчу компанино.

Тендаран техникан билламашца а догIуш, фильман автор билгаляккха езаш ю зуда (актриса), интевью эца езаш ю "гергарнаш тIемаш доьлхучу зоне а бахна цигахь ИГИЛ-ан (итоба йихкина ю Оьрсийчохь) тобанашкахь тIом бинчу а, бераш Гергарчу Малхбалехь я дайина, я лар йоцуш дайначу нахера.

Фильм гайта езаш ю телеканалехула, цуьнан йохалла ю 20 минот. Цул сов, къевлинчу рожехь фильм йийцаре ян езаш ю горгачу стоьлехь, иза дIахIоьтто езаш а ю ютьюб видеохостингехь а, коммерцин бух тIехь зорбан гIирсашкахь а, лаххара а 10 эзар стаг дIаязвелла волчу кхаа болгеро реклама а еш.

"Как я стала женой экстремиста" фильм йоккхуш ю тендерехь ша цхьаъ бен дакъалоцуш хилла йоцчу Пятигорскерчу ООО "Персонал-Сервиса".

Оцу компанино дуьххьара еш яц контракташ Дагестанан къоман политикехула а, динийн гIуллакхашкахула а йолчу министраллица. 2020-чу шарахь оцу министраллан заказ кхочуш еш оцу компанино 900 эзар гергга соьмах вовшахтуьйхира "Вахта героев" олу мероприяти.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG