ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремистийн а, террорхойн а тептаре язвина ГIалгIайчуьра экс-министр


ГIалгIайчоьнан вахархо, цигахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран даржехь Iийна, Iедалан ницкъашна дуьхьалоярна, "экстремистийн юкъаралла" кхолларна бехкевен Погорв Ахьмад экстремистийн а, террорхойн а тептаре ваьккхина Росфинмониторинго. Кавказский узел интернет-гIирсо бина и хаам.

Элпийн къепехь террорхойх а, экстремистех а хIоттийначу тептаран къоман декъехь ву Погоров. Карарчу беттан 24-чохь оцу тептарехь ву верриг а II 349 стаг а, 5I6 юкъаралла а, Росфинмониторинган зерашца.

Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза ца хилла и статус тIеэца – Редакцин билгалдаккхар) политикан тутмакх лору ГIалгIайчоьнан вахархо, цигахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран даржехь Iийна, Iедалан ницкъашна дуьхьалоярна, "экстремистийн юкъаралла" кхолларна бехкевен Погорв Ахьмад.

"Тхан кхетамехь, гIалгIайн оппозицин кхиболу лидерш а санна, иза таIзарна кIел вигар дозу цуьнга Iедална критика яр дитийта гIертарца, иза маршонах ваьккхина цо цхьа а дуьхьалоярца а доцуш, маьрша гуламаш хIитто а, ассоциацеш вовшахтоха а йолчу шен бакъонах пайдаэцарна", – боху бакъоларъяран центро.

ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин коьртехь лаьттина Погоров 2002-2003 шерашкахь. 2018-чу шарахь Нохчийчоьнца долу доза хийцарца доьзна лилхинчу протесташкахь меттигерчу оппозицин коьрте хIоьттира иза. ГIалгIайн къоман цхьааллин кхеташонан куьйгалхойн могIарахь вара иза, дIахьора корруцина дуьхьал талламаш.

Магасера Зазадоккху-беттан гуламаш бирзича лаца кхайкхийра Погоров, цIийнах хьуьйсура цунна. Шен цIахь Несарахь лецира иза кхушара, Чиллан-баттахь, кхачийра Нальчикерчу изоляторе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG