ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремизмна бехкевина ГIалгIайчуьра виъ вахархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан агIончаш бу аьлла, ГIалгIайчуьрчу къайлахчу сервисийн документийн буха тIехь Талламан комитетан урхалло лаьцна меттигера виъ вахархо.

Талламан версица, даIишхойн могIаршкахь хилла хьалхара шиъ, ткъа вукха шиммо, и хуушшехь, полисхошка дIа ца валхийна, яздо Талламан комитетан сайтехь. ГIуллакх таллалц лаьцна вуьтуш сацам бина веаннен а хьокъехь.

Хьалхо дуьйцура хаамийн гIирсашкхаь, Ставрополан махкахь полисхоша а, къайлахчу сервисаша а ворхI стаг лаьцна, йихкинчу цхьана динан юкъараллехь хилла аьлла.

  • Охан-баттахь Федералан халкъан гвардин эскарийн буьранчас Золотов Виктора дIахьедира, тIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь лахбелла терроран кхерам, регионехь юьсуш яц кегий гIеранаш бен, аьлла.
  • Зазадоккху-баттахь ФСБ-н директора Бортников Александра бохура, Къилбаседа Кавказехь "хIаллакбина терроризман жигараллин массо а коьрта бенаш а, массо а бандитийн куьйгалхой а".
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG