ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ерриг школаш оьрсийн матте яьхна Абхазерчу Гали кIоштахь


 Гали кIоштара школан дешархой, архивера сурт.
Гали кIоштара школан дешархой, архивера сурт.

Йозуш йоцу пачхьалкх ю ша аьлла дIакхайкхийначу Абхазехь кхоччуш дихкина дешархошна гуьржийн маттахь деша. Цуьнах лаьцна дIахьедина Гуьржийчоьнан маслаIат даран а, бахархойн цхьатерра бакъонаш хиларан а хаттаршкахула йолчу пачхьалкхан министран аппаратехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Тбилисехь эргIада бахна бу хилларг бахьана долуш, цара дIахьедар дина берийн бакъонаш талхош хиларх лаьцна.

Пачхьалкхан министран аппаратехь билгалдоккху, гуьржийн мотт школашкахь лелорца йоьзна проблемаш хилар Ахалгорин кIоштахь а. Министран векалш дагахь бу и хаттар дийцаре дан Гуьржийчоьнан дуьненаюкъарчу партнерашца, оцу кIошташкахь бехачу нехан ненан маттахь деша бакъо хилийтархьама.

Хьалхо хаам бинера, Гальскан кIоштахь школаш оьрсий матте йохур ю, цхьацца йоккхуш аьлла. Карарчу хенахь гуьржийн маттахь дешар дихкина ерриг а классашкахь. Зорбан гIирсаша бечу хаамашца, хIинца дуьйна дIа гуьржийн мотт а, литература а Iамор ю Гальскан кIоштахь кхечу пачхьалкхан къоман мотт а, литература а санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG