ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эсамбаевн сийнна - хелхаран фестивал


Къийсадаларш дIадаьхьара 3 номинацехь. ХIораннехь-кхо меттиг яра толам баккха. Ша дечу хелхаран диплом даьккхира, Нохчийчурчу декъашхочо. Гуьржийчура шиммо, цхьана дина хелхар тайна, оцу номинацехь хьалхара меттиг царна елира.

Тобанехь деш долу хелхар дика дина аьлла Нохчийчура а, Лаххарчу Новгородера хелханчаш билгалбехира. Ткъа, коьрта совгIат, оцу фестивалан Гран-при яьккхира «Нохчо» ансамблан йиъ декъашхочо.

Нохчийн хелхарш, цхьанца а дуста мегар дац. Иза къоман цIийца ду аьлла, билгалдаьккхира ша йистхуьлуш, фестивалан жюрин куьйгалхочо «Балет» цIе йолчу журналан коьрта редактора, профессора Уральская Валерияс.

Уральская: «Хелхар девзачу а, дезачу а Нохчийчохь, къийса чIогIа жоьпалле ду. Хала ду, нохчашца хелхар къовса. Къоман цIийца ду хелхар. Цундела, чIогIа мехалла ду, кху къийсадаларехь толам баккхар».

Кхаа дийнахь лаьттина и хелхаран фестиваль, хьовсархой ша берш чу а ца тарлуш дIаяхьара. Даима зал юззина яра. Наха, чIогIа дика тIе а оьцура хелханчаш гойту шай говзалла, аьлла Маршо радиога дийцира, ша а хиллачу хелханчас, «Вайнах» тобан ветерана Тарамова Лидас.

Тарамова: «ХIора шарахь, и фестиваль хуьлуш йолу чIогIа дика ду. Со а хелха йийлина йолун дела, суна хазахета иза дIахьош хилар. Шортта хаза хелха бовлуш нах гира суна».

Ша а хелхаран говзанча йолун дела, Тарамова Лидина тайнера, тIебаьхкинчу хьешаша тидаме йиллина йолу номерш. Царна юккъахь, уггаре а дика шена хеттарг а, мила ву дийцира цо.

Тарамова: «ТIебаьхкинчарна юкъахь дикка говзалла йолу тобанаш яра. Францера а, Испанера а бара. Испанхой хелхабовлуш хазахийтира суна. Казахстанера еана йоI а дика елира хелха».

Иштта фестиваль хилар а, цигахь кхечу пачхьалкхашкара векалш богIуш хилар а дика хета, «Вайнах» тобан ветеранна Тарамова Лидина. Къоман, оцу хореографин исбаьхьаллан шира ламасташ хилар дIа а гойтуш, тIекхуьучу чкъуран иза марзадар а хуьлу, аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Тарамова: «Хелхаран хIора тобанна декъашхой бара цигахь хьовсуш. Церан дай-наной а бара. Кегий берашна а пайдехь ду иза. ТIекхуьучу чкъуран а дика мероприяти ю иза».

Эсамбаев Махьмудан цIарах дуьненаюккъера фестиваль дуьххьара дIаяхьара 2008 шарахь. Йохьанца дукха ца хиллехь а, хIора шарахь, алсамдолуш ду цигахь дакъалаца луучеран терахь.

Республикан лаккхара Iедалшна доккха хIума хеташ ду иза кхузахь еш хилар а, дуккха а наха дакъалоцуш хилар а. 20I3 шарахь, 5-гIа фестиваль, дика кечйина яцара. Сцени тIехь, кIирхIан тIе кIайн шаршо а оьллина, цу тIе Iаьржа басарца язйина яра фестивалан цIе. Иза чIогIа ца тайнера республика куьйгалхочун.

Оццу шарахь иза дIа ма йирзинехь, цхьа бутт сов хан ялале, балхара дIаваьккхира культуран хIета хилла волу министр, ша а гIарваьлла хелханча Музыкаев Дикалу. Цуьнан меттан хIинца волу Дааев Бауди дIахIоттош, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедар дира, ша хIинцачулла тIаьхь, оцу министралле коьрте, кхолларалца, исбаьхьаллица воьзна воцург бен хIоттора вац аьлла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG