ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскарера дIа ца валийтина Нохчийчуьра контрактхо мобилизацих бахьана а дина

Соьлжа-ГIалахь эскархой, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIалахь эскархой, гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн могIарера дIавала аьтто ца хилла Нохчийчуьра контрактхочун. Цунна дуьхьало йина Соьлжа-ГIалин гарнизонан тIеман кхело, мобилизаци йоьдучу юкъанна армера дIавала йиш йац аьлла. Сацам тIеэцна дечкен-беттан 24-чохь, амма кхело шайн сайте биллина хаам хIинцца.

Административан гIуллакхан материалашкахь йаздарца, 2022-чу шеран аьхка кхаа шарна контракт йинера Арсанов Мовсара. Гезгамашин-беттан 9-чохь эскархойн декъан командиран цIарах рапорт чуделлера цо, "зерех чекх ца ваьлла" алий дIаваккха ша аьлла. Нохчийчоьнан вахархочо иштта хаийтинера, доьзал кхобург ша цхьаъ бен цахилар а - Украинехь валар нислахь, церан дола дан стаг цахилар а.

Эскархойн декъан векало кхелехь кхетийна, мобилизаци йоьдучу заманчохь контрактхо оцу буха тIехь дIаваккха йиш йац аьлла. Низамца а догIуш, арми юкъара вала мега тахана цхьа хан кхаьчнехь а, могушаллица доьзна а, набахтехь йаккха хан цунна тоьхнехь а аьлла.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, "цхьана декъана кхайкхийна мобилизацих" омра хIинца а лелаш ду, амма тIекхуьйкхийла дац цуьнца, "тIеман кхинйолу Iалашонаш" кхочушйойла ду аьлла.

  • Къилбан тIеман гонашкарчу гарнизонан кхелашка контрактхошкара искаш кхочу, цхьацца бахьанашца шаьш дIадаха бохуш – доьзалера бахьанаш тIера Украинаца тIом бан дуьхьал хиларна тIекхаччалц. Амма гезгамашин-беттан чакхенехь дуьйна кхелаша массарна а дуьхьалонаш йо, мобилизацих долчу президентан Путин Владимиран омрана тIе а тийжаш.
  • Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь масийтта меттиг хаабелла тIамехь дакъалаца контрактхой дуьхьабуьйлуш. Масала, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а Росгвардин эскархоша къаьсттина дукха рапорташ кхеле чуделла, Украинехь тIом бан дуьхьалдовларна шаьш гIуллакх дечуьра дIабахар къовсуш.
  • Украинана дуьхьал тIом боьдучу юкъанна командировке ваха дуьхьалваьлла Нохчийчуьра эскархо-контрактхо хилла Каимов Заур шен хьокъехь дина омра къовса гIоьртира. Делахь а Соьлжа-ГIалин гарнизонан тIеман кхело юхатоьтхна цуьнан иск.
  • Дагестанерчу Буйнакскехь куп тоьхна хиллачу 136-чу бригадин 300 эскархо Украинана дуьхьал тIом болийна бутт баьллачул тIаьхьа дуьхьал хилира Украинехь тIом бан. Пачхьалкхан дозана тIера шайн лаамехь арабевллера уьш.
This item is part of
XS
SM
MD
LG