ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскархойн доза хадон дагахь хилла нохчо вийна Новороссийскехь


Севастополера Древняя урамера Оьрсийчоьнан тIеман даккъа. Гайтаман сурт
Севастополера Древняя урамера Оьрсийчоьнан тIеман даккъа. Гайтаман сурт

Шен накъостаца цхьаьна эскархойн дозана тIе вала дагахь хилла Нохчийчуьра вахархо герз тоьхна вийна Ростовн кIоштара Новороссийскехь. 25 шо долу А.Адоли кхелхина некхах йинчу чевнах, йаздо Baza телеграм-канало.

Вийначун накъост лаьцна, хаамбина пачхьалкхан ТАСС агенталло, Къилбан гонашкара тIеман министраллин пресс-гIуллакххошна тIетевжина. "Зуламхо бакъоларйаран органийн кара дIавелла, ларйечу гIишлонан дозана тIе хIун Iалашо йолуш вала дагахь хиллера къастон", - аьлла агенталлица къамел дично. ГIаролехь волчо герз тоьхна хилла царна тIе.

Baza-н хаамца, Б.Муса ву лаьцнарг – цу шингахь герз ца хиллера. ШолгIаниг мел хан йолуш ву а, эскархойн декъе стенна вала лаам хиллера а, хаийтина дац.

  • Чиллин-баттахь Буьри-ГIаларчу тIеман гарнизонан кхело йалх баттана дисциплинаран таIзар дира, шен лаамехь эскархочун гIуллакх дечуьра дIавахначу контрактхочунна. Украинерчу тIамехь дакъа а лаьцна, йухавеана вара иза.
  • Дечкен-баттахь Къилба ХIирийчоь аьлла, шаьш дIакхайкхийначу махкара кхело 5% цуьнан алапа дийнна шарахь пачхьалкхана а дерзош, таIзар дира контрактхочунна. Ша эскаран гIуллакх ден дакъа дIатеснера цо 17 денна, Украинерчу тIамехь ша хиларца дара и аьлла, бахьана а далош.
  • Шайн лаамехь декъера дIабахарна дечкен-баттахь Нальчикехь кхел йира тIекхайкхина хиллачу Мальсагов Тарханна (шой, кхо буттий чохь баккха) а, Саутиев Iумарна (шо колонихь).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG