ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскарна дискредитаци йарх лаьцна 8 эзар сов административан гIуллакх кхаьчна оьрсийн кхелашка


2022 шеран зазадоккху-бутт болабелчхьана эскарна дискредитаци йарх лаьцна 8 эзар сов административан гIуллакх кхаьчна оьрсийн кхелашка, дуьйцу Радио Свободано. Оцу хаамашна зераш дина "Медиозоно".

Схьакарийна долу 8046 гIуллакх кIоштан кхелаша теллина, йа толлуш ду, кхин а исс – гарнизонан тIеман кхелаша.

Оцу артиклехула мел стаг жоьпалле озийна, хууш дац – полисхоша цхьана стагна дуьхьал масех протокол йазйо цхьана артиклехула. Масала, социалан машанашкахь пхиъ тIамна дуьхьал пост хIоттийна волчу стагна дуьхьал пхи протокол хIоттон тарло.

Петербурган Пушкинан кIоштан кхелехь "Медиазонина" карийна, цхьана стагна дуьхьал дискредитацин артиклехула йаздина 15 протокол – цхьана дийнахь хIиттийнера уьш цо 15 тайп-тайпана посташ социалан машанашка хIитторна. Шарчохь административан шолгIа гIуллакх доладахь, стагна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккха тарло, йуха а дискредитаци йарна бохучу артиклаца – ворхI шаре кхачалц набахте хьажон мега иза тIаккха.

  • 2022 шеран зазадоккху-баттахь йукъайаьккхира административан а, бехктакхаман а артиклаш КОАП-е а, Бехктакхаман кодексе а – Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртича. ТIамна дуьхьал аьлла долу муьлхха дош а, оьрсийн эскархоша тIеман зуламаш лелорехь дакъа лаьцна аьлла дIахьедар а лору оьрсийн кхелаша дискредитаци санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG