ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЕСПЧ-но сацам бича Лаккхарчу кхело йуха а долийна чубоьхкинчу Нохчийчуьрчу тIемалойн гIуллакх таллар


Европера адамийн бакъонехула йолчу кхелан гIишло. Франци, Страсбург. Архивера сурт

2008-чу шарахь Соьлжа-ГIалин Ленинан кIоштан кхело терроран артиклашкахула чубоьхкинчу Нохчийчуьрчу бахархойн Джантемиров Доккан, Мациев Султанан, Салаватов Шамсудинан, Хабибулаев Висханан хьокъехь бехктакхаман гIуллакх йуха а талла долийна Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело. Хабибулаев воцург, вуьйш баллалц набахте хьовсийна бу. И сацам йуха талларан бахьана хилира, 2022-чу шеран дечкен-баттахь чубоьхкинчара таллам дIабахьарна хьокъехь бина латкъамаш Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело къобалбар.

Талламан а, кхелан версица, 1999-чу шеран гIуран-баттахь Хаттабна куьйгкIелахь волчу Садаев Мусан тобанан декъашхо хилира Мациев, тIаккха кхин а бутт баьлча шен тоба кхоьллира цо Джантемировца, Салаватовца, Хабибулаевца цхьана. Шо даьлча зенитан-ракетан "Игла" комплексаца коьртачу штабан офицераш чохь болу беркема эккхийтина хиллера боху цара. ТIаккха цигахь коьртачу штабан 2-чу оперативан урхаллин буьйранча Поздняков Анатолий а, тIеман министраллин белхахойн коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс инарла-майор Варфоломеев Павел а, иштта кхин 11 а стаг вийра.

Цул сов, Мацуевн тоба бехкейора цхьамогIа теракташ йарна, Оьрсийчоьнан Нохчийчухула йолчу УФСБ-н экономикан кхерамазаллин куьйгалхочун гIовс Евсей Юрий верна а.

Чубоьхкинчара чIагIдора, кийтарлонаш Iазапехь латторца йаьхнера шайгара бохуш. Церан латкъамашна тIехула бехктакхаман гIуллакх делла дуьхьал хилира. 2020-чу шеран гезгмашин-баттахь и реза цахилар йухаийцира прокуратуран тIедилларца, керлачу талларе хьажийра гIуллакх, амма Талламан комитетна йуха а ца гира цигахь низамаш хедор.

Лаккхарчу кхелан сацамехь ЕСПЧ-н тIедилларна цитата йо, цигахь йаздо, Европан кхелана "тоъал бух карийна, арзхоша бина латкъамаш баккъала а хилар гойтуш", хIунда аьлча, 2003-чу шарера 2006-чу шаре кхачалц уьш Оьрсийчоьнан МВД-н Къилбан федералан гонан коьртачу урхаллин Къилбаседа-Кавказан оперативан лехамийн декъехь латтийна хилла. Оцу меттигехь "кхечу теллинчу гIуллакхашкахь гучудаьлла ма-хиллара, лаьцна латточу адамашна тIехь къизаллаш лелор билгалдаьлла".

Амма чубоьхкинчу нехан хьокъехь бина сацам хIинца а лелаш бу.

  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.
  • Гезгамашин-беттан 26-чохь бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Командо" "Арифметика пыток" аьлла рапорт арахийцира Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахула долчу хьолах. Бинчу талламашца а догIуш, Къилбаседа Кавказ ша цхьаъ бен йоцу регион ю, масех шарахь шайгарчу бакъонел совбуьйлуш, ницъбинчу ницкъахойн хьокъехь цхьа а таIзар ца кхайкхийначех.
  • Джантемиров Доккана валлалц тоьхна шолгIа тоьхна хан йу и. 2001-чу шеран гезгмашин-баттахь аренан буьйранчан Басаев Шемалан тIедилларца, Оьрсийчоьнан коьртачу штабан комисси чохь йолу Ми-8 беркема хIаллакдира цо. 13 стаг вийра, шайлахь шиъ инарла-майор, йалх полковник волуш. 2004-чу шеран охан-баттахь Джантемировна валлалц набахтехь йаккха хан туьйхира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG