"Эстемирова Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула бина шайн сацам бовзийтина Европерчу адамийн бакъонехула йолчу кхело (ЕСПЧ). Нохчийчохь бакъонашларъярхо лаьттина, 2009-чу шарахь лачкъийна дIайигина, йийначу Эстемирова Натальин хьокъехь Европан конвенцин шолгIа артикл Оьрсийчоьно йохийна хиларх тоьшаллаш ца карийна кхелана.
ХIетте а, кхело тIечIагIдина Эстемирова ер таллар эвсара цахилар, ткъа Оьрсийчоьнан Iедалхоша бехкзуламан гIуллакхан материалийн доккхадолу дакъа шайга дIа ца кхачорца Конвенцин 38-гIа артикл йохийна хилар, хаам бина ЕСПЧ-н пресс-релизехь.
"Талламбарх ладамболу материалаш кхеле кхачийна цахилар лерича, кхелан ницкъ ца кхаьчна талламабар кхачам боллуш дара аьлла, тIечIагIдан. Экспертийн цхьадолу мукIарлонаш дисина дастаза. Талламчаша ца кхетийна, бехк дуьхьал баьккхинчун, я цуьнан низамаш дохош герзашца вовшахтоьхначу тобанерчу нехан яххьийн ДНК лараш хIунда ца карийна. Оцу тобанан массо а декъашхо лаха гIоьртина хиларх шеконаш ю кхелан", - аьлла ду документехь яздина.
Йийначу Эстемирова Натальин йишина Эстемирова Светланина 20 эзар евро компенсаци ялар тIедожийна Оьрсийчоьнна ЕСПЧ-но.
2009-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чохь лачкъийна йигира Эстемирова Наталья, ша ехачу цIенна гергахь лаьцна. Цуьнан белхан накъосташна хетарехь, полисхоша дина зулам дара иза. Масех сахьт даьллачул тIаьхьа цуьнан дакъа карийра ГIалгIайчохь. Герзаш диттина, йийна хиллера иза.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунна кхерамаш туьйсуш хиларх масийттазза хаамбира "Мемориалан" векалша. Талламчийн официалан версица, "тIемалоша бекхам бина" Эстемирована, цо зорбане йоху материалаш бахьана долуш.
Массех верси яра иза еран, амма цкъачунна теллина даьлла дац дов.