ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Eurosur-о лардийр ду Евробертан доза


Евробертана юкъхахь йолчу Словакин а, Украинин а доза.
Евробертана юкъхахь йолчу Словакин а, Украинин а доза.

Евробертан куьйгалло иштта бух балабо шаьш тIебогIучу баттахь юккъеяккха леринчу керлачу Eurosur системин: цкъа делахь, цуо гIо дийр ду, шен дозанна тIе бовла сатуьйсучу легала боцучу мухIажарех Европа ларйан

ШозлагIа делахь, цу системин гIоьнца хIурдалахь шаьш тIехь долу хIурдакеманаш, духий, хи чу дахар бахьана долуш леш болу нах мухIажаршна юккъехь кIеззигох хир бу, хIунда аьлча керлачу системано аьтто бийр бу, цу нахана сихонца орцаха кхача.

Кхозлаха делахь, Евробертан пачхьалкхашкара кхерамазалла цу кепара алсам ер ю, хIунда аьлча Eurosur системано трансдозаний зуламаш дар лахдан гIо дийр ду.

Бакъду, адамийн бакъонашларйархойн яккхий шеконаш ю, Евробертан куьйгалла кхайкхийна йолчу Iалашонашка цу керлачу дозанаш чIагIдарца кхача йийш ю бохчух. Европа мухIажарех ларйар ю цу системин коьрта Iалашо, я мухIажарш бохамех ларбар а, я Европа зуламхойх ларбар а яц, аьлла, хета царна.

Human Rights Watch юкъараллин немцойн декъан куьйгалхочунна Михальски Венцелна хетарехь, Европин дозанаш чIагIдеш йолчу керлачу системин Iалашо – иза мухIажарш кхерор а, уьш дIакъахкор а ю.

Ткъа Европарламентан депутат йолу Келлер Ска тешна ю, цу кепарчу дозанаш лардар дардарца дела денна аьлча санна хIурдалахь а, лаьттатIехула а Европе кхачагIерташ леш болу нах кIелхьарабахарца долу хьал толур дац, аьлла.

Карарчу хенахь Евробертан арахьара дозанаш лардеш, - ткъа уьш I5 эзар чакхарма деха ду, - цу Бертан юкъе йогIучу пачхьалкхийн дозалардаран сервисийн белхой бу. Царна гIо деш ю Европин дозалардаран „Фронтекс“ цIе йолу агенталла.

Кхин 50 сов тайп-тайпана хьукматаш ю йоллучу Европехь и континент легала боцучу мухIажарех ларйеш. ХIинца Eurosur – системица биркеманаш а, сателлиташ а, пилоташ боцу кеманаш а хир ду изза Iалашо кхочушйеш - Европа цIе йолу гIап мухIажарех ларъеш. Цу хьашташна 340 миллион евро хьажор ду Евроберто.

Шеко яц, хIинцачул тIаьхьа легала боцуш Европе кхача гIерташ болчийн некъ холчу берг хиларх, къаьстина хIурдахула Африкера бевддачийн. Ткъа низамца догIуш ма-хиллара, легала шен дозанна тIебовла некъаш Евроберто царна ишттаъ дукхахена дуьйна схьа мискъазараттала бен дитина дац.
XS
SM
MD
LG