ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн фанаташ хIинца а харцхьалела Польшехь


Полша - Оьрсий ву коьрта тIе "Оьрсийчоь" аьлла, йоза а яздина, Варшаверчу стадионехь футболе хьожуш, 12Манг2012
Полша - Оьрсий ву коьрта тIе "Оьрсийчоь" аьлла, йоза а яздина, Варшаверчу стадионехь футболе хьожуш, 12Манг2012

Оьрсийчоьнан футболан бертана 30 эзар евро барамехь гIуда тоьхна Европерчу Футболан Вовшахтохараллийн Берто. ХIинца иза дина кху беттан 12-чу дийнахь Варшавехь Полшин тоба ловзуш оьрсий харцахьа лелар бахьана долуш.


Хьалха Оьрсийчоьнна тоьхна долу гIуда дара 120 эзар евро. Оьрсийчоьнан футболан тоба юкъаряьлла Европан чемпионатана, амма оьрсийн фанаташ кхин дIа а къепедацарш лелош бу Полшехь.

Юккъерчу хьесапехь фанатийн летаршкахь дакъалацарна полицино 200 сов стаг лаьцнера. Царах дукхах берш дIахецна, амма дуккха а набахтешкахь хIинца а бохкуш берш а бу. Масех стагана Полшерчу кхелаша хан а тоьхна.

Масала, Оьрсийчурчу 4 фанатана, уьш летаршкахь хаьлхе дIахьуш хилар а, цара меттигерчу полисхошна чевнаш йина хилар а тидаме а эцна, масех бутт набахтехь баккха хан тоьхна. Оьрсийчоьнан Полшерчу векаллаллин атташе йолчу Пержинская Валерияс журналисташка бинчу хаамца, иттанаш кхечу оьрсийн фанаташна арахь яха хенаш тоьхна, итт-шийтта беттанашкахь.

Цул сов, царна ахчанашца даккхий гIуданаш а тоьхна суьдхоша. Масала, фанаташа футболан майданна тIе а, гIалин урамкашкахь а мел кхоьссинчу шех файер олучу ягорагах 10 000 евро гIуда такха дезар ду церан, я церан метта Оьрсийчоьнан футболан федерацин.

Ала догIу, оьрсийн фанаташ Полшехь маьттаза лелар а, цара лелийна къепедацарш а чемпионатан бале девлла ца Iаш, Оьрсийчоьнан футболан федерацех а вочу агIор хьакхаделла хилар.

Иштта дуьненаюкъарчу футболан вовшахтохаралло УЕФА-но Оьрсийчоьнан футболан Бертана дуьхьала дисциплинаран гIуллакх схьадиллина. Диъ шо даьлча дIахьур йолчу Европан чемпионатехь оьрсийн тобанан мах хадош, цунна тIера ялх балл дIабоккхур болуш бу, фанатийн маьттазлонашна гIуда санна.

Фанаташ эзарнашкахь хиллехь а, шайн фуболан тобанан ловзарна тIеIаткъам бан аьтто ца баьлла церан. Хьалха хиллачу кху кепара чемпионатехь санна, мел кIезга а ах финале шаьш доьвр ду бохуш дIахьедарш дина хилла болу Аршавин а, цуьнан накъостий юхьIаьржонца цIабирзина.

Цу хьокъехь Малхбузехь яьржина ю цхьа ша-башха забар: грекахой шайн махкахь кризисе хьал далахь а, оьрсашкара ахча схьа ца оьцуш, дуьхьал бевллачух тера ду, бохуш. Диъ шо хьалха хиллачу чемпионатехь оьрсийн тоба ахфинале ялар оьрсаша ловзарш эцна хиларца доьзна хила там бу бохург къедош ю и забар.
XS
SM
MD
LG