Михальченко Лидия
Берлинан Виттенау декъехь, кхаа шарахь шех "Нохчийн центр" аьлча евзачу юкъарлонан хIусамах хIинца "Кавказан центр" баха долийна. НеIара тIехула цкъачунна кхозу хьалхалерра цIе. Амма бина хийцам бакъбо цунах жоп лучара – Кавказан дуккха а къаьмнийн векалш лела цига, юкъахь буьйцу оьрсийн мотт.
Хьажамурд – синбахамаллин хIусамерчу "Ал-Хайр" маьждигехь имаман накъост ву. Хьалхарчу шен дешарехь – историк а, цул тIаьхьа Шемахь исламан университет чекхъяккхарца - Iеламча а ву иза.
"Берлинехь бехачу нохчаша 2015-чу шарахь, гул а белла, синбахаман центр а, маьждин а схьадиллира. Бакъду, дукха ду гIалахь маьждигаш. Туркойн а ду, Iаьрбийн а ду. Делахь а, хийра бу цигара мотт, ца кхета хутбанах, шатайпа ду цига лелачу къаьмнийн гIиллакхаш. Шайнна меттиг кхолла лиира, гулбала, Далла Iамал ян. ХIусам кечйича, Кавказера схьабевлла доттагIий кхайкхира. Со, масала, вац Нохчийчуьра. Ас хутба оьрсийн маттахь до", дуьйцу Хьажамурда.
Центрехь йовзуьйту исламан хазалла, цуьнан истори, иштта, Iамабо меттанаш а: нохчийн, Iаьрбийн. Кестта Iамо болор бу кхузахь немцойн а, оьрсийн а меттанаш, боху Iеламчас. Бусалба нехан шайлахь цхьа къовсам листа безаш меттиг еъча, царна гIо а до маьждиго.
"Аьр вай, зударша шайн майрош балхабо – етта, харцо лелайо. Хьеха дезаш хуьлу, нийса ваха, машарехь ваха, зуда, доьзал боцуш хьайна виса ца лаахь, олий. Леташ болчу майрошка олу ас: "зуда дIагIур ю хьоьгара, хьан бераш кхечу боршачу стага лелор ду". Сан хьехамех гIуллакх ца хилча, полице боьлху зударий. Цара хIун дийр ду, майра динах кхеташ ца хилча? ДIасакъаьстачу зуда-майра даьлча, царна машарехь иза дан а гIо до оха. Зударшкара а йолу харцо наггахь: полицига ша а, бераш а Iуналле оьцуьйту, тIаккха Iедало дена доьхку берашна тIеваха а, уьш ган а", боху Хьажамурда.
Къола
Синбахаман центре маьршша кхочийла ду. Баьхкинчарна ю цу чохь кхача кечбен чоь. НеIарехь аьчка гIутакх ду луучунна сагIийна чу ахча таса. Цкъа иза йоха а йина, чуьра ахча даьхьинера.
"Полице даккха ца дийзира. Тхо сиха тIаьхьакхиира – гонах еха жоьлкаш, сербех а, Iаьрбех а болу мухIажираш хиллера уьш. Жоьлкийн тхьамда веара со волчу, шаьш лоьхуш нохчий буйла ма-хиъина. Бехказа вуьйлуш, тхо къинтIера дохуш хьийзи хIара. Со имам хилла ма ца Iа, хьехархо а ма ву со. Ас къамел ди кхуьнца. …Тхан маьждиге лелаш ву иза хIинца".
Чекх са го пенаш
"Цкъацкъа немцой а, туристаш а бовлу Центр чу, оха, мажош йолчу наха, кху чохь лелориг хIун ду хаа. НеIара тIехула "нохчийн" аьлла яздина лаьттачу дашо балао и нах чу. Чекх са гуш ду тхан пенийн цхьа дакъош – чуьра дахар къевлина ца хилийта. Кестта Центран жигархоша "йиллина неIарш" олучу кепехь барам хIоттор бу маьждигехь. Керла хьеший, керла доттагIий лохуш, берлинхошна тхаьш довзуьйтуш хила лаьа тхуна", дуьйцу Хаьжамурда.
Цхьана юкъархочунна, Адамна, хетарехь, Центран коьрта Iалашо ю кавказхойн-мухIажирийн берашкахь менталитет Iалашъяр.
"Кавказхойн кIентий къаьста немцойл. Колготкаш ца лелайо, месаш басар ца йо, белха мегаш доцийла хаьа. Кавказхойн менталитето къонахий кхиабо, бераша тIаьхьа дозалла до шайгахь кхиинчу амалх. Германехь бераш романтикаш ду, кIеда ю амалш. Сан кIентаца доьшуш ву цхьа немцо, йоIа санна леладо цо духар, йоI хила лууш ву. Шеко яц, иза цуьнан бакъо ю, амма оха кхин масалш гойту тхайн берашна".
Центро а, цигарчу маьждиго а ца хеддаш хьоьху кавказхошна, муха баха беза европахошна юкъахь.
"Йоккха проблема ю кхин цхьаъ а. Германехь куьг луш ду вовшашка – бен а дац, зудчуьнга, борша стаге. Исламо иза ца магадо: йиша яцахь, нана яцахь. Ткъа немцойн зуда кхето езаш хуьлу: ахь соьга куьг-м кховдий, амма ас иза схьаоьцур дац, хьо цаларар а дац иза, сан дино ца магадо. Де дика дичхьана тоьа. Кавказан Центро хьоьху, муха кIелхьара вала веза конфликтех, дино хIун аьтто бо девнах хьалхавала. Оьший ца хилча а мега конфликт шена тIеэца, я цунах къахкар тоьлу?!", - хеттаршка вуьйлу Хьаьжамурд.
Ткъа финансашца дерг кхин а хала ду. Баттахь лаьцна латточу хIусамах Центро 2500 евро ло цIийнан дайшна. Цундела латтадо цо шен неIаршкахь ахча гулдеш гIутакх, кхин дан хIума дац. Чоьнех дIадала ахча ца тоьаш хьал хIоьттича, Центран жигархоша орца доккху – наха сихха сагIа тосу. Яхначу аьхка арахь иккхинчу кхийсарехь, герз тоьхна, кораш дохийнера Центран. ХIора ангалин экъан мах бара 500 евро. Ремонтна ахча таса дийзира массеран а.