ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со шун керла амир ву!"


«Дуьненан хIуманаш лоьху Европерчу вайнаха, Делан калам ца лору, бусалбалла малделла, иза ас а, сан накъосташа а чIагIдийр ду», боху интернетехь цхьаммо.

«Маршонан некъ боьхкина, «хIара» я «важа» лидер Кремлехьа ваьлла, иза «даржера» восса веза, ца воссахь, воссор ву!» - боху кхечо.

… Юьхьанца мухIажирашлахь кхо гара дара – рицкъан бен бала боцу дукхахбершший, гIеххь-гIеххьа дакъош - Ичкерин а, Кавказ Имаратан а тIаьхьалончашший.

Ичкерин охIланаш а бекъабелира хенан йохалла шина декъе – закаевхой (Лондонера Закаев Ахьмад Ичкерин коьрта лидер лорурш), идиговхой (Ичкерин парламентан куьйгаллехь лаьттинчу Страсбургерчу Идигов Ахьъядах шайн баьчча вийраш).

Ичкерин шина а декъо имаратхой бехкебо, даймахкахь шаьш айина хилла маршонан байракх дIа а тесна, къоман къовсам дуьнено къобалбечу хоршара баккхарна.

Имаратхоша-салафийаша тIе ца оьцу я церан а, я вукхеран а демократи, лараме яц царна ур-атталла Ичкерехь лелла конституци а.

ТIаьххьарчу шерашкахь гучудаьлла пхьоьалгIа гара а – Кадыров Рамзанан агIончаш.

Вовшашна ваьснаш йо хIора а гарано. ЦIерш а йохуш, кхерамаш туьйсу.

Оцу хьесапехь бекъабелла бехачу нохчех кхаьрда дуьненан юкъаралла. Иза кхоьру царех.

Уьш-х кхераме бу!

Европерчу нохчаша шаьшлахь шаьш бо дукха хьолехь ахкамаш. Дуккхаъчара дийцарехь, Австрерчу, Францерчу, Белгерчу, Германерчу нохчашлахь ю, шайн махкахошка гамо а кхобуш, уьш «цIанбан» негатдина хьийза тобанаш.

Уьш хIун Iалашонца ю, оцу наха хIун кхерам бохьу талла гIоьртира Маршо Радио.

​Германин, Кавказан доттагIаллин ЦIийнан куьйгалхо ву Эккехард Маас. Дуккха а шераш ду цо шайн мехкан Iедаланний, вайнехан мухIажирийнний юкъаметтигаш чIагIъеш къахьоьгу. Виллина нохчийн хьашташка хьожуш схьавогIу иза. Цунна а го Европерчу нохчашлахь лела гамонаш. Ша кхоьру боху цо уьш кхин а генайовларх.

Эккехард: «Со инзарваьлла Iа. Кхузахь, Европехь, Белгехь, Германехь, жигара хьийза нахана кхерамаш туьйсу «Кавказ» халифатан векалш. Со кхеташ вац, сайташкахула, шаьш муьлш ду а дуьйцуш лела уьш стенна ца совцабо. Уьш-х кхераме бу!

Суна новкъа ду нохчий нохчашца гIоьртина болуш. Оьрсийчоьно пропагандан тIамехь а баккхина толам. Цо Европехь нохчо нахана зуламаш дан араваьлла исламист, террорист санна гойту.

И халифат юьйцу нах совцо ма беза. Цара дуьйцурш ца хеза шуна, хIара шайтIа ду, хIаллакдан деза, бохуш, цхьацца нахана дуьхьал питанаш даржош?

Иза-х инзаре хьал ду. Европерчу нохчаша шаьш листа еза шайн юкъаметтигаш. Талла деза, муьлш бу уьш, мичахь бу, тIаккха Iедал арадаккха деза-кх уьш совцон.

Ас Берлинерчу криминалан полицехь а дуьйцу иза кху деношкахь. Iедал дукха хIуманах ца кхета, я ислам а ца девза, я оцу тобанаша лелочух а ца кхета.

Ас ма-дарра боху, со а ву кхеравелла, оцу наха аьлларг схьа ма дой, шуна хаьа-кх нохчийн менталитет, шайна хьалха хIоттийна Iалашо цара кхочуш ма йо. Кегийчу наха вен аьлча, вен а воь, шайна тIедожийча, шаьш Делан дуьхьа диканиг до, олий.

Боккха кхерам бу баккъал а лаьтташ, вай бала кхача беза цуьнан».

Оццул даръелла го Эккехард Маасна Европерчу нохчийн юкъаметтигаш.

Нохчийн диаспорах доккха дакъа деха Австрехь. Цигахь а бу вайнах дакъошка бекъабелла, гаранашкахь кхобуш юкъарлонаш а, цабезамаш а.

Европе шаьш хевшина а Iаш, цхьана наха тIаьххьара бисина доьнал долу кегийнах дIахьийсийра Шема

Стенца бозабелла беха къестамаш, уьш хьан марсабоху, дуьйцу Европехь нохчашка къоман хатI лардайтархьама къахьоьгучу политэмигранто, Ичкерин жигархочо Исханов Хьусайна. Цунна Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъийн куьг го нохчийн дакъошка баьхна лелош.

Маршо Радиоца дечу къамелехь Маликов Шемалан цIе а яьккхира Исхановс. Ткъа иза вай тIаьхьо хьахор ву.

Исханов: «Дуьненаюкъара терроран организаци кхайкхийра-кх «Кавказ» Имарат. Юьхьанца дуьйна а хууш дара цу тIе кхочур дуйла.

Закаев Ахьмад коьрте а хIоттийна, махкал арахьара Ичкерин структура чIагIъян йолийчхьана дIадоладелира дуьхьаллаттар.

Имарат дIаяьллачул тIаьхьа – иза йоцуш ю-кх хIинца, Европе шаьш хевшина а Iаш, цхьана наха тIаьххьара бисина доьнал долу кегйинах дIахьийсийра Шема, уьш цигахь дукхахберш хIаллак а хилла.

Ткъа агитаци сецна яц хIинца а. Суна цигахь гург оьрсийн куьг ду. Белгехь волу и Маликов хуьлийла иза, кхин хуьлийла, цаьргахула беш болх бу иза. Хьекъална гена ца хиларе терра, шайна тIедехкина декхарш кхузарчу нохчашна дискредитаци ярца кхочуш до цара. Иза вайна доккха зулам а ду. Оцу нехан гIоьнца Европерчу прессо нохчийн гезбоху. Вон хIума моссаза хуьлу, герга а доцу вай хьахадо, мел хIуманна а декъахь ца хилча а.

Вайн леларо а, лела ца хааро а талхош ю вайн имидж. Оцу юккъешхула вай бехдеш и маликовгIар а лела. Вайх цундела террористаш ду, бандиташ ду олу".

Мила ву Маликов Шемал?

Шо сов хан ю массо а кепарчу социалан машанашка а хуьйшуш, Европерчу кавказхошка, ша шун керла амир ву, шуьга ша имдуьллуьйтур ду, бохуш, цхьа дагестанхо хьийза – Белгерчу Антверпенехь веха Маликов Шемал.

Иза вара Исханов Хьусайна хьахийнарг. Цунах лаьцна дуьйцура деношкахь кхечу цхьана Германехь ехачу политикан жигархочо, Ичкерин векало Мицаева Рубатис Фейсбукехь.

«Ас журналисташка а, бакъоларъярхошка а доьху Маликов Шемала дуьйцург европахошна зуламе дуйла дIахаийтар. Оцу стага Европерчу мехкашкахь беха бусалбанаш меттигерчу низамашна дуьхьаллатта кхойкху, шен гоно казказхой имаратан низаме берзор бу боху», яздина Мицаевас.

Маршо Радио гIоьртира Маликов Шемала шен ю аьлла социалан машанашкахь яржийначу телефонашкахула иза схьалаха, амма аьтто ца белира – кест-кеста сим-картанаш хуьйцучух тера ду цо. Бакъду, Ютубехула, Фейсбукехула, Ватсапехула цо дуьйцучу къамелашка ладоьгIча, кхин маьIна а ца карадо иза леван – Ютубехь цо ша боху, хабарча бен а вац ша, доллу къамелаш а шоу дIакхехьархьама бен а дац шен.

Маликов а, и саннарш а шайн куьйга совцон аралелхарш кест-кеста буьйлу Европехь а, Оьрсийчохь а. Хийлазза нисделла, барт бохораш схьа а лохий, я батош отий, я кхерабой, совцош. Амма иза сонта некъ бу, нахана юкъа цим туьйсурш Iедалан куьйгашца къарбан беза, бекхамхойн некъ кхераме бу, аьлла хета политикна Исханов Хьусайнна. Мотт тохар дац иштанаш полицига дIабалар, бохамах нах хьалхабахар ду, боху цо.

Кхане ледара хир ю, кхузахь берашка ца дешийтахь

Исханов: «Тамаше нах ду вай, вайна дуьхьал мел зулам деш хилча а, Iедале ца довлу вай – мотт тохар ду, олу. Мотт тохар дац, лар тIера ваьлларг Iедалан гIоьнца сацор ду. Iедале кехатца дIааьлча бен я гIо а ца дало. Цунна оьрсийн мотт а ца хаьа, я нохчийн мотт а ца хаьа. Вай ваьш лар ца дича, вайнчул дика вайгара хьал цхьанне а хуур дац.

Вайлахь, масала, цхьа зуламхо ваьлча, цунна тоха ца еза, Iедалан гIоьнца иза сацо веза.

Хьал иштта аттачех а дац. Генна йина ойла ю оцу нехан – царна вай кхетамна эшна хилар деза. Спорт-клубаш ю массанхьа а нохчийн кегийрхой юкъаийзош. Уьш ерраш а яц дикачу Iалашонна ехкина. Цигахь кечбо къонанаш, эшначу муьрехь лата а, тоха-Iотта а Iамош. Спортхой бу шортта, амма доьшуш кегийнах вуно кIезиг бу.

Вайна дешар оьшу тахана массо а хIуманал дукха. Кхане ледара хир ю, кхузахь берашка ца дешийтахь».

15 шо а сов хан ю Европехь, Iамеркахь, Малхбалехь нохчийн мухIажирш беха. Цкъачунна ца го царна даймахка боьду некъ – дац, олу, цIахь адамна маьршша дехийла. Хьал иштта гуш хилча, ца бовлу уьш нехан мехкашкахь низамаш ца лардича, шайн къоман гIиллакхаш ца Iалашдича. Ткъа лорах воьхнарг сацочу даьлча, Исханов Хьусайна ма-баххара, бехк, кескашка а болий, бекъало, буьсу массарна а т1ехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG