ТIекхочийла долу линкаш

Полисхой байиначаьрга Iедална тIедуьйла боху Евкурова


Евкуров, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека кхайкхамбина полисхой байиначу нахе шайн лаамехь Iедалхошна карадуьйла аьлла. Кху беттан 8-чу дийнахь Малгобекехь 2 некъан полисхо верна 4 стаг шеконехь кхобу меттигерчу низамхоша. Уьш Iедало лоьхуш бу.

Амма Евкурова цаьрга Iедална тIедуьла аьлла кхайкхам бина, шайна тухур йолу хан кIезигах хилийтархьама. Кара ца багIахь, уьш байа а тарло, билгалдоккху Евкуров Юнус-Бека, хоуьйту ИА REGNUM-о.

XS
SM
MD
LG