Ма-дарра аьлча, ГIалгIайн мехкан куьйгалхочо бакъ ца бо нохчийн ницкъаллин структураша ГIалашки-юьртахь тIеман операци дIаехьна боху хаам. Цо ша «Интерфакс» агенталле диначу къамелехь юха а тIечIагIдина, цигахь шиъ валар, цхьаъ лазор бахьана шаьш-шайн лелхийтар ду аьлла.
«Нагахь санна,-боху Евкуров Юнус-Бека,- нохчийн ницкъаллин структурийн декъашхоша, бахка а баьхкина, вер-ваккхар нисделлачу меттера ши дакъа а, цхьа дархо а дIавигар, леррина тIеман операци лара хьакъ делахь, иза оха даре до. Иза бакъ ду».
Хууш ма-хиллара, гIалгIайн мехкан ГIалашкахь тIемалой байар хьокъехь зевне дIахьедар Iорадаьккхира Нохчийчоьнан Пачхьалкхан цIийнан а, мехкан куьйгалхочуьнан администрацин а хаамийн хьостано, кху Товбеца-беттан хьалхарчу дийнахь.
И хаам тидаме эцча, кхоллало сурт иштта ду: нохчийн низамхоша ГIалгIайн юьртахь леррина тIеман операци дIа а яхьна, вийна ву бохуш волу кхо тIемало - вежарий Авдорханов ИбрахIим а, Заурбек а, церан накъост Халадов Аюб а. Кадыров Рамзана и жамIаш тIех дика лерина.
Делахь а цу хьостано гIардаккхаза дуьтуш ду и леррина тIеман операци маца, муха дIаяхьна бохург. Цо дийцарехь, масех шо хьалха Хоси-юьртана герзаца тIелатар динчарах хIинца дийна виснарг ши-кхо стаг бен вац. Цо ницкъаллин структураш декхаре йина, мел чIогIа, мичча меттехь хьулбелла хиларх уьш схьакаро.
Хьалха а дийцина ма-хиллара, иштта морзахе нислуш ду шина мехкан куьйгалхочо ГIалашкахь нисделлачу эккхийтаран жамIаш. Ала дашна, Евкуров бакъвеш ду говзанчашна хетарг. Царна гергахь 30 кила гергга, хIоъ-молха чудиллина, бомба тайпа хIума кечьеш, цхьа хIума галдалар бахьанехь, ларамаза эккийтар а нисделла, белла бу гIаттамхой.
Муьлхха а хиламаш бен-бен тидар, Нохчийчохь а, ГIалгIайчочохь хьовха, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а могIарера гIуллакх а хилла дIахIоьттина. Масала, тахана а могIарерчу нехан дукха хеттарш кхуллуш ду, герз эцна йоьдучу машенахь, ларамаза эккхийтар а нисделла велла Басаев Шамал аьлла, дIакхайкхор а, Девлетгирин эвларчу цхьана тоьла чохь вийна Масхадов Аслан аьлла дийцар а.
Масхадов кхелхина масех де даьлча, Iорабаьккхина хаам а, иштта цуьнан метта хIоьттина Сайдулаев Iабдул-Хьалим вер а. Ткъа вуьшта Iар-дахарехь нислуш лаьттачу къезгачу хIуманех аьттехьа а доцург дийцарх Къилбаседа Кавказехь дехаш долу кегийра къаьмнаш доьлла ду.
КIезиг масалш дац, доцург тIе а кхуллуш, хийла стаг лаьцна а, доьшуш болу кегий нах дIабахар а. Царна бехке дуьллуш ду ур-аттал шайн къоман шовкъе хелхарш дар а.