Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьалъяьхначу санкцийн борхIалгIачу пакетан гурашкахь шорйина персоналан санкциш. Цу юкъавахийтина, доккхачу декъанна, тIеман министран виъ гIовс, ву царлахь – Къилбаседа Кавказера шиъ- ГIалгIайчоьнан хилла куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а, Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо Цаликов Руслан а.
Украинерчу тIамах жоьпалла царна тIехь ду, билгалдаьккхина Евробертан сацамехь. Къастийна тергойина тIамехьа цара дина къамелийн.
Иштта санкциш яьхна Украинан дозанаш тIерачу Оьрсийчоьнан оккупацин администрацин векалшна а, ЦИК-н урхалхочунна Памфилова Эллина а, публицистана Дугин Александрна а, артисташна Газманов Олегна а, Расторгуев Николайна а, Чичерина Юлияна а, кхин а цхьа могIа нахана а, организацешна а, шайлахь ЦИК а йолуш.
Цул совнах, бархIолгIачу санкцийн пакетан гурашкахь тIечIагIбина цхьа могIа Оьрсийчоьнан экономикана дуьхьал барамаш а, хьахийна царна юкъахь мехаш хьаладаха йиш йоцу мехкадаьтта, Оьрсийчуьра цхьа могIа материалашна а, гIирсашна а импорт яр дехкар, цхьайолчу электронан компоненташна экспорт яр дехкар, иштта Оьрсийчоьнан компанешна аудиторийн, бухгалтерийн, юридикан, инженерийн, PR- а, IT а, криптобохча кхачор а, криптоактиваш ларарца а, Iалашъярца а доьзна хьелаш хIиттор дехкар а.
- Зазадокху-беттан 15-чохь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш кхайкхийра цхьа могIа нахана дуьхьал, царлахь вара – Евкуров Юнус-Бек а, Цаликов Руслан а, Нохчийчуьра кхо ницкъахо а – МВД-н Куьрчала кIоштахула долчу декъан ГИБДД-н хьаькам Хутаев Хьусейн а, талламхо Саламов Нурид а, Устрада-ГIалин прокурор Ахматов Джабраил а, организаци санна, Нохчийчоьнан МВД-н Куьрчала-кIоштан доллу дакъа а.
- Дагестанан цIарах сенатор волу Керимов Сулейман Британин а, Евробертан а санкцийн тептаре ваьккхира, Путинан уллорчу стагера, музыкантера Ролдугин Сергейгара даккхий ахчанаш эцнарг санна. Украинехь тIом балале хьалха дуьйна а бина сацам бара иза Американ санкцийн тептаре ваккха. Оьрсийчуьра хьал долчу нахалахь иссолгIа ву иза, цуьнан бахаман мах хадийна Forbes-о 14,5 миллиард долларшкахь. Карарчу хенахь Американ а, Британин а, ЕС-н а санкцеш бухахь ву иза.