ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхеташоно гIо дийр ду Гуьржийчоьнна а, Молдовина а, Украинина а духьало яялар жагIдан


Европан кхеташоно тIеэцна кхаа шеран чохь Гуьржийчоьнан а, Молдовин а, Украинин а тIеман а, дуьхьало яран а таронаш чIагIярца йоьзна инициативаш.

Европан машаран гIирс (EPF - European Peace Facility) гурашкахь керла гIулчаш хьажийна ю "чоьхьара чӀогӀалла а, машар а" чIагIбан, ткъа оцу юкъахь дац адамаш дайъа Iалашо йолуш кхоьллина герз далар, аьлла ду Европан кхеташонан дIахьедарехь.

Программан гурашкахь Гуьржийчоьнна гIо кхочур ду 12,75 миллион евро (14,46 миллион доллар) барамехь, цуьнан тIеман ницкъийн аьтто хилийта "маьршачу бахархошна гIо дан, нагахь кризис хоьттина хьал нисделча", аьлла ду хаамехь.

Дийцарехь гIо даран программан гурашкахь лур бу медицинан а, инженерин а гIирс а, ткъа иштта "бахархойн хьашташна оьшуш йолу транпорт а".

Молдовин тIеман ницкъашна гIо дийр ду 7 миллион евро (7,9 миллион доллар) барамехь, медицинин а, инженерин а сервисийн таронаш алсамъяха. Ша аьлча, ахча дойъур ду ТIеман-медицинан сервисна медицинин гIирс оьцуш а, инженерин батальонна герз дIадоккхуш лело гIирс оьцуш а.

Украинина хьажор ду 31 миллион евро (35,1 миллион доллар), пачхьалкхан "юкъара чIагIалла" чIагIян а, цуьнан тIеман ницкъийн таронаш алсам баха а. Ахча хьажор ду аренан госпиталш а, кхийолу медицинин хьукуматаш а, ткъа иштта "инеженерин а, мобилан а кирадIасалелон дакъош а латто".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG