ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европе кхача гIертачу мухIажаршка бала бахьарх дийцина бакъонашларъярхоша 


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Беларусера Евробертан пачхьалкхашка кхача гIиртинчу мухIажаршна тIехь кеп-кепара шогаллаш лелийна, иштта уьш Iиттабелла ахчанаш дахарца а, Беларусин ницкъхойн даржел совбийларца а аьлла, яздина ду дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Amnesty International организацино хIоттийначу рапортехь, 75 мигрант левинчул тIаьхьа.

Бакъонашларъярхойн зерашца, "и сурт гинчийн тоьшаллаша шеконаш ца юьту, Беларусин дозанхоша нахана йиттина хиларх" чхьонкаршца а, автоматийн баххашца а, иштта кхерамаш тийсина, ха ден жIалеш тIехоьхкур ду бохуш а.

Шемарчу стага дийцина, тIеман йоккха машенахь дозане валийначу 80 стагаца ша а вара аьлла.

"Машенара охьадуьсира тхо, - боху цо. - Иттех гергга Беларусин тIемало а, цаьрца диъ жIала а дара. Шаьш жIалеш дIахоьцур ду, нагахь санна, тхо маса ца довдахь, цара тхох ка еттар ю элира тхоьга. Салтий тIаьхьабевдира тхуна, сиха ца бовдучарна тIе чхьонкарш етташ. 200 метар гергга тIаьхьаидира уьш, тIаккха юахабахара, хьуьнан юккъерчу нейтралан ашана тIехь тхо а дитина. Доьзалш вовшахбаьхнера. ЖIалеша ка йиттинчийн цIий оьхура".

Документа тIехь дуьйцу, "адамалла йоцучу хьелашка" нах нисбаларх: оцу меттигашкара дIасадовла йиш яцара церан, масех дийнахь юург йоцуш, йа кIезиг бен кхача - хи доцуш, тховкIело йоцуш латтийнера. Масех стага чIагIдо, дозанхошна ахча деллачул тIаьхьа бен цигара дIадаха аьтто ца хилира шайн аьлла.

Шемарчу курдойн доьзалхоша хаамбира, гоне ерзийначу меттигехь 20 де даьккхира шаьш аьлла. Цара бахарехь, дийнахь цкъа бен хIума ца юура цара, шайн бераш дузон аьтто боцуш 24 сахьт даьккхина хиллера цара цхьана дийнахь.

Доьзалан дас дийцина: Цкъацкъа кхетамчуьра довлура тхо, меца дара тхо, хи мала лаьара, цхьанхьара кхочуш гIо дацара- йа Польшин а, йа Беларусин а дозанхошкара".

"Цхьаболчу дозанхошкахь кастеташ а, болатан буьхьиг болу мачаш хуьлура когахь. Мийраш беттара цара, тхо лаьттахь Iохкучу хенахь. Ахча а, мобилан телефонаш а схьаехира тхоьгара. Доллу дегI сенделлера сан цара йиттина", - дийцина бакъонашларъярхошка Иракъерчу вахархочо.

МухIажарийн дийцаршца, доза а хадош, Польше дехьабевлларш а сецош хиллера, Беларуси юхахьийсабора полшхойн дозанхоша.
Мигранташа бахарехь, Польшин дозанхоша кегйора церан телефонаш, цкъацкъа шогалла лелайора кхаьрца. Доккхачу декъанна, берашна дуьхьал буьрчан аэрозоль лелайора, бакхийнаш гечохула хих дехьабуьлуьйтура.

Шемарчу вахархочо дийцина иштта, Польшин тIемалоша ша а, шен доьзал а тIеман машенан кузов чохь латторах.

"Дикка йоккха яра иза, 50-60 стаг тарлур волуш, цхьана сахьтехь дIадигира тхо. ТIаккха буферан зоне дехьакхийсира. Машенчуьрчу цхьана салтина хезира, оха къамелаш деш, тхуна дуьхьал буьрчан аэрозоль яьккхира цара, цхьана сахьтехь дилхира сан йоI а, кIант а", - дийцина цо.

Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, Евробертан низам а, бакъонан процедура а ларъян доьналла ца тоьъна Европан комиссин.

"Эзарнашкахь нах - царех дукхахберш тIамах а, конфликтех а кIелхьарбовла хьийза - Беларусехь бисина Iаьнан юккъехь Iаламат ирчачу хьелашкахь. Царна оьшу гIо кхачоран метта, шогалла лелийна цаьрца. Оцу кепара ницкъбар сацон деза Беларусино, ткъа пачхьалкхаша - Евробертан декъашхоша гIо дан деза нахана, оцу кепарчу харцонах ца Iиттабалийта. Даржел сов а буьйлуш, юха а царна кхерамаш туьйсур болчу Беларуси юха бохуьйтучул а", - билгалдаьккхина Amnesty International организацин, бевдда баьхкинчу нехан хеттаршкахула а, мигрантийн бакъонашкахула а йолчу талламхочо Фостер Дженнифера.

Польшин а, Беларусин а дозанехь миграицн кризис хIоьттина аьхка, хьал чIагIделира Лахьан-беттан юьххьехь. ГIуран-беттан юьххьехь мухIажарийн терахь лахделлера цигахь, ханна хIиттийна каппаш а дIайохийра, Беларусин Iедалхоша мигрантийн цхьа дакъа дIатардинера логистикан центрехь.
Иракъе юъабахара Беларусин дозана тIера эзар гергга цигара баьхкинарш.

Дозанехь миграцин кризис хIоттарна Евроберто бехкбуьллу пачхьалкхан президентан Лукашенко Александран режимна.
ПхоьалгIа санкцийн пакет яьккхира Евроберто ГIуран-беттан 2-чохь Беларусина дуьхьал. Изза барамаш туьйхира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG