ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЕСПЧ кхело 360 эзар евро компенсаци яла сацам бина Бесланерчу закъалтхошна


Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Бесланехь закъалтан лаьцна латтийначу 39 стагана 360 эзар евро компенсаци ялар тIедожошсацам бина. Цунах лаьцна аьлла ду кхелан сацамехь.

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бинчу сацамо дийцарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша, теракт кечъеш хиларх хаам боллушехь, тоам боллуш оьшург цадина закъалтхой ца лецийта. Мелхо а, аьлла ду сацамехь, штурм низамаш лардечу органийн белхахоша лелийначо байъийтина къин а алсам закъалтхой.

Ша аьлча, "ФСБ-н лерринчу ницкъаша штурм еш лелийна цIетуху тоьпаш, гранатометаш а, танкаш а, ткъа иштта вуно дукха кхуйсу герз", нисса бIостанехьа долу контртерроран операцин Iалашонашна – закъалтхой кIелхьарбахарна – ткъа иза "ца дича цадолуш дерг ларане а лорийла дацара".

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 5 эзарна тIера 40 эзар еврона тIекхачалц компенсацеш яла сацамбинчарна юкъхахь бу шаьш хилла закъалтхой а, ткъа иштта кхелхинчу берийн гергарнаш а.

Iедалша уггар коьртаниг ца лаьрра церан дахар лардар, аьлла хета Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь, ткъа иштта Iедалша кхачам боллуш ца теллина инарлаш Тихоновс а, Андреевс а, ткъа иштта Гайденко а, Дзугаевс а, ткъа иштта Дзгоевс а штурм еш лелийнарг.

Бесланехь хиллачу терактах доьзна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле латкъам бинчу 7 гIуллакхана юкъара цхьаъ ду иза. Верриг а оцу гIуллакхашна юкъахь дакъалоцуш ву 409 латкъамхо. 2017-чу шарахь эшам хиллачарна компенсацеш елира 2,9 миллион евро барамехь. Оьрсийчоьнан Iедал латкъам бан гIоьртира Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамна, амма кхело ницкъ болуш битира иза.

  • Закъалтхой дIалацар хилира 2004-чу шарахь Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь Бесланерчу №1 школехь. Террорхоша эккхийта кечйинчу гIишлонехь шина дийнахь ах дийнахь лаьцна латтийра 1100 сов закъалтхо. Теракт ярна а, штурм ярна а кхелхира 334 стаг, шайна юкъахь 186 бер а долуш. Кхин 750 стаг чевнаш йина вара.
  • Теракт хиллачул тIаьхьа ГIалгIайчуьрчу а, Къилбаседа ХIирийчуьрчу милцошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхош долийра, тIелатар ца дайтарехь ледарло ярна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG