Евросоюзан мехкашкара нохчийн диаспоран векалш кийча бу Оьрсийчоьнан тIеман агрессица къийсам латточу Украинехьа гIодаккха, нагахь санна, тIаьхьарчу шайн кхерамзаллех а, Оьрсийчу шайна депортааци йийр яц аьлла, гарантеш а лахь. Украине оьхуш бу цуьнан агIор тIемаш бан кийча болу арахьарчу мехкийн бахархой – Украинан президентан офисо хаамбина, арахьара ши легион дIаюззал нах вовшахкхетта хиларх.
Президентан офисан хьехамчас Арестович Алексейс дIахьедина, кеп-кепарчу дуьненан пачхьалкхашкара Украинана гIо кхочуш хиларх, шайн лаамехь нах бу чуоьхуш, арахьара легион хIинцале а кхоьллина ю, амма, цо бахарехь, шолгIа легион вовшахтоха а нах болуш бу.
Европехь беха дукхахболу нохчий кийча бу Украине а бахана, дуьхьалоечарех дIакхета, аьлла дийцина Кавказ.Реалиига Венерчу Kulturverein Ichkeria ("Культурный центр "Ичкерия") центран куьйгалхочо Исханов Хьусайна – Нохчийчохь тIемаш болчу заманчохь тIе ца эцначу Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин агIор тIом бина ву иза, тIаьхьо президентан Масхадов Асланан адьютан а хуьлуш.
"Амма Украинера гарантеш хиллалц Iаш бу уьш, тIом бирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьне шаьш дIалур дац аьлла", - тIечIагIдина къамел динчо.
Хьалхо нохчийн политико, 1990-чу шерашкахь къобалъязчу Ичкерин цхьахволчу лидеро, Британехь вехачу Закаев Ахьмада "Настоящее Время" телеканалан эфирехь дIахьедира, Европехь беха нохчий кийча хиларх Оьрсийчоьнан чугIортарна дуьхьало латто Украинаца.
Украинан президенто Зеленский Владимира кхайкхамбира, оьрсийн эскаршна дуьхьал тIом бан схьакхета луучу арахьарчу мехкийн бахархошка, Украине а дуьлий, дозанаш чIагIдан луучийн могIарш дуза аьлла.
- Чиллан-беттан 24-чохь Украинан территорина эскаршца чугIоьртира Оьрсийчоь.
- Кавказ.Реалиино дIахьош хроника ю Оьрсийчоь Украине гIортарх лаьцна.
- Нохчий ши батальон – шейхан Мансуран а, Дудаев Джохаран а цIарах йолу – дакъалоцуш ю Киев Iалашъеш, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна дуьхьал. Украинехь вехачу жигархочо Бакаев Iелас бахарехь, Къилбаседа Кавказан кхечу къаьмнийн векалш а цхьана кийча бу агрессоршна дуьхьал Украинехьа тIом бан.