ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еврокхело Оьрсийчоь декхарейина


Оьрсийчуьрчу набахтийн урхалло тоьхна хан яккха генарчу мехкашка шаьш я шайн гергарнаш хьовсор бахьанехь аьрзнаш динчарна адамийн бакъонашкахула йолчу Еврокхело декхарейина Оьрсийчоь 27 672 евро компенсаци яла. 2-8 эзар чакхарма гена хьовсийна арзхой хан яккха.

Еврокхело бехкейо Оьрсийчоь, адамийн бакъонашларъяран конвенци йохорна. «Эхо Москвы» радиона еллачу интервьюхь Оьрсийчоьнан президентан хьехамчас Федотов Михаила аьлла, вайн пачхьалкхна дIоггара йоккха юкъ а яц и, делахь а, кхелан сацам нийса бу ала догIу. Оцу нехан аьрзнаш бахьанехь, кхелан системехь хийцамаш бан тарло Iедало аьлла хета цунна.

Оццу юкъанна, Еврокхело тIедожийна Оьрсийчоьнна Немцов Борис верна бехкелоруш, лецначу вежаршна ГубашевгIарна Анзорна а, Шедидна а 13 эзар евро далар, уьш ледарчу хьелашкахь хIинццалц латторна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG