ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера а, ГIалгIайчура а бахархошна тIедогIу рицкъ алсамдаьлла бохург шеконе дуьллу эксперташа


Дагестанера а, ГIалгIайчура а, ткъа иштта Москохан а, Ленинградан а кIоштийн а бахархошна тIедогIу рицкъ алсамдаьлла бохург бакъ дац аьлла хета эксперташна.

Цунах лаьцна дуьйцуш ду Гайдаран Институто а, Оьрсийчоьнан Халкъан бахаман а, Пачхьалкхан сервисан а Академино (РАНХиГС) а, арахьарчу йохка-эцаран Академино а йинчу мониторингехь. Цуьнах лаьцна хаам бо «Ленты.ру» сайто.

«Статистико гайтарехь, 2016-чу шарахь тIедогIучуьнан барам уггаре а алсамбаьлла ГIирмехь а (9%), Севастополехь а (4%), - аьлла ду цу талламехь. Амма адамашна догIучу алапан барам лахбалар бахьана долуш, лахделла наха ахча дайар а.

Эксперташ дийцарехь, уггаре а лахара гайтамаш бу цу агIор Генарчу Малхбалехь а, Къилбаседа Кавказехь а.

РАНХиГС-о бинчу талламан жамIашца, Оьрсийчохь бехачу 40 процент бахархошна алапа ца тоьу кхача эцан бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG