ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо Европехь а хила веза сема


Гуьржийчоьно лецна, Оьрсийчоьнан каравалларх доьза вайра масех нохчийн тIемало, Тифлисера набахти, 2002
Гуьржийчоьно лецна, Оьрсийчоьнан каравалларх доьза вайра масех нохчийн тIемало, Тифлисера набахти, 2002

Европехь бехачу нохчийн мухΙажиршлахь дуккха а бу Оьрсийчоьно, шена тΙеман дуьхьало яр бухе а диллина, Интерполехула леца кхайкхийна нах. Царна шаьш бехачу мехкашкахь политикан тхов-кΙело карийнехь а, бΙегΙийла дац Европехула дΙасалела. Гуттар а кхераме ду и тайпанарчу мухΙажиршна Оьрсийчоьнна гонахарчу, Евроберта юкъа йогΙуш а йоцчу пачхьалкхашкахь баха – леца а, Кремлан карабала а сахьт дац уьш.


Европано политикан я гуманитаран тхов-кΙело еллехь а, цхьацца хьашташца пачхьалкхара пачхьалкхе воьдучу нохчочунна-мухΙажирна тΙаьххьарчу заманахь хиллачу хьовзамех ду хΙара масалш.

Иттех шо ду тΙемалочунна Чатаев Ахьмадна Австрино тхов-кΙело елла. Цига кхачале оьрсийн эскарийн карахь Ιийна иза. Цуьнан жамΙ дара – чалташа ницкъ бинчул тΙаьхьа пхьарс дΙабаккхар. Европехула а, Евробартана арахьарчу а мехкашкахула дехьа-сехьа волуш лецна иза цкъа Украинехь, тΙаккха Болгарехь.

ХΙоразза а, бΙеннаш бакъоларъярхой орцахбовларна, кΙелхьаравийлина тохарлеррачу чалтачийн каравоьдучуьра хΙинца деа беран да волу Чатаев.

ХIара шо долалуш, халий-аттий, Швеце кхаьчна нохчийн президентан Масхадов Асланан гонехь хилла волу Садаев Эмильхан Оьрсийчоьнан каравала кхачийра Стокгольмо.

ТΙамехь чов хилла а, оьрсийн эскарша шен ши ваша – Муса а, Зелимха а вуьйш, дайн кхерч багийна а волчу Эмильханна орцахбевлира Швецера а, кхечу мехкашкара а нохчий. Иза оьрсашка дΙацавалар доьхучу нехан могΙаршлахь бара дуккха а бакъоларъярхой а. Баттахь лаьцна а кхаьбна, марша ваьккхира иза Швецино.

Садаевна орцахбевллачу нехан кортехь, Швецерчу Ιедалшка цунна къинхетам боьхуш, Стокгольмехь гуламаш латтийна ву Ичкерин Европерчу векалех волу Тарамов Майрбек. Цо иштта дуьйцу Садаевн таханлерчу статусах лаьцна.

Тарамов: «Тхов-кΙело елла, кехаташ а делла. Амма доьзалца цхьанакхетар ца хуьлу-кх цуьнан. Тхов кΙело политикан ца елла цунна, гуманитаран елла».

Карарчу беттан юьххьехь лецира болгараша шайнний, Румынинний дозанехь кхин цхьа нохчийн доьзал - Гадамаури Мохьмад а , цуьнан зуда а, пхи бер а. Цара шаьш тхов-кΙело а йолуш дехачу Германера Болгаре садаΙа даьхкина, бохура.

Интеполехула лоьхучех ву Гадамаури а. Цунна Оьрсийчоьно бехке до кхечу тΙемалошна бехкедийрриг – иза террорхо хилар, герзаш духкуш лелла хилар, иштта дΙа кхин а. Цкъачунна хууш дац ГадамауригΙеран доьзалах хиндерг.

Шатайпа ду хьовзамашна юкъанийслучу мухΙажирийн кхолламашлахь Украинехь лаьцна латточу Осмаев Адаман гΙуллакх. Одессехь дахначу Ιай цхьана петарахь эккхар а хилла велира цига хΙетта кхаьчна цхьа нохчо –Мадаев Руслан, лазийра чохь хилла Казахстанера веъна Пьянзин Илья а, бухахь, Одессехь, веха Осмаев Адам а.

ХΙеттехь лаьцначу Пьянзина Ιораяьккхина, украинахойн талламчаша чΙагΙдарехь, шаьш юхьарлаьцна хилла Ιалашо – Оьрсийчоьнан президент хила кечлуш волу премьер Путин Владимир эккхийтар. Амма вуно тамаше а, юьстахарчу стагана беламе а хΙуманаш ду гΙаттийначу гΙуллакхца.

Масала, Кремлан да, Нохчийчохь цΙий Ιенарна шаьш бехке лору стаг, вен кечамаш тобано масситта шо хьалха дуьйна а болийна хилла – Москохахь пхи шо гергга хьалха таханенна лерина дΙахΙоттийначу цхьана машен чохь тротил къайла а тΙехь доккхуш.

Ткъа стенна эшна кечамаш Одессехь бан, Москохна маситта эзар чаккхарма юьстаха, кхеташ дац. Иштта билгалдаьлла дац, мила ву ша, лаьцна, Оьрсийчоьне дΙавала кечвина волу Осмаев Адам а. Цо шена вуно чΙогΙа йиттина хиларна тилвелла ша боху оцу тΙехь – хΙинца ца хаьа цунна ву ша Осмаев Адам я, шегара дIадаьккхинчу паспорто ма-баххара Долаков Султан ву.

Хьалхо вайца къамел динчу Ичкерин векала Тарамов Майрбека иштта мах хадабо оцу тилкхазлонийн.

Тарамов: «Суна хетарехь, мелла а, мухха а оцу Путинна мотт хьакха гΙерташ, юкъаметтиг тоян гΙерташ, газан, кхечун мехаш охьабахийта а хьийзош ву-кх иза. Цигахь кхин цхьа а хΙумма а дац».

Европехь, цигарчу пачхьалкхийн цхьакхетаралла юкъабогΙучу а, ца богΙучу а мехкашкахь беха нохчий, дайша олуш ма-хиллара, декъазчун децΙера а богΙийла кхетадеш хила безара, аьлла хета Тарамов Майрбекна. Цундела цо доьху махкахбевлла бехачу нохчашка, Европехула дΙасалелар лагΙ а деш, шайн меттиг а ларъеш, шаьш тΙеэцначу мехкашкахь хьанал бахар.

Тарамов: « ТΙамехь дакъалаьцна воццушехь а, вай хΙуъа а, мухха а дийцахь а, нохчочунна тIера «террористаш» олу томмагΙа дΙадоккхуш дац. Уггаре чΙогΙа кхара дΙаса цалоьлуьтурш тΙамехь дакъалаьцнарш бу, герзаца лелларг а, тΙом бинарг а. Мел тийна Ιаш велахь а, иштаниг кхарна кхераме хета.

Вайнах дΙаса цалелийта леладо и хΙуманаш – полици тΙехьажайо, схьалоьцу, Оьрсийчоьне дΙа-м ца ло, амма иштта хΙийзабо-кх вайнах. Цундела дехар ду сан уггаре хьалха тΙамехь дакъалаьцначаьрга: пачхьалкхашкахула дΙаса ма лелахьара шу. Кхераме ду-кх иза, доцца дийцича, шайна йолчу меттехь ΙадΙийча бакъахьа ду-кх».

Осмаевх хуьлуш дерг ханна билгалдаьккхина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Цуьнан дехкар кхочуш деш, Украино юхадаьккхина Осмаев Оьрсийчоьнан каравалар. Амма муха доьрзур ду гΙуллакх, хΙун сацам бийр бу Украинехь хила тарлучу кхело, хууш дац.
XS
SM
MD
LG