ТIекхочийла долу линкаш

Карарчу ханна, мехкан телехьожийлашкахула бохучу кхаьънашка ладоьгIча, 8 бIе сов доьзал меттахIоттийна.

Цхьа беттанаш, я шераш девллачул тIаьхьа «имане веъначу» невцан, я несан уллеранаш баккхийбе берийн дуьхьа Iедалхойн а, Iеламнехан а и аьтто баьлла.

Иштта баккхийбе молланаш а – цара шайна мел баьккхина, Сиржа-Эвларчу моллас, доьзалш меттатухучу комиссин декъашхочо Аюбов Ясраил-Хьаьжас Маршо Радиога ма-дийццара.

Доьзал дика хилча, дин а, ийман а хуьлу чохь, да а нана а цхьаьна хилча, кхечу кепара хуьлу

Цунна кхаъ хилла, кхечу молланашна а санна, массех доьзал вовшахтохар шегахула а нисделла хиларх.

Аюбов: «Цу тIехь болх бан волавелла молла а, шаверриг а. Зуда юха ялош, я бераш гойтуш дац олий, моллина тIебогIу нах. Цо нагахь санна магош елахь - схьаялайо, яцахь - дIаолу иштта. И программа ю Нохчийчохь.

ХьаьжцIа нах бахначу хенахь, цаьрга аьлла бохура, оццул гена доьгIучул, наний, берашший цхьаьнатоьхча а бу шуна оццул мел, аьлла, бохуш, дуьйцура баккхийчара. Доьзал дика хилча, дин а, ийман а хуьлу чохь, да а нана а цхьаьна хилча, кхечу кепара хуьлу».

Дика ду девнашца къаьстина божарий а, зударий а – юкъахь бераш дерш-м муххале а – цхьанабетталуш. Цунах массо а воккхаве, гарехь.

Оьший Iедал ийгIинчу шиннан кхолламна юкъагIерта?

Делахь а хаттар а лела нахалахь: шаьш-шайлахь стенна ца хилла дIасакъаьстинчийн барт, уьш стенна бетта беза вовшах Iедало, нахана тIеIаткъамбар-м дац-те иза?

Оцу хаттарна жоп лохуш, нохчашка а, иштта массо а Къилбаседа кавказхошка а хаттамбира шен сайтехь тхан Кавказ.Реалии порталерчу коллегаша.

Наха делла жоьпаш иштта ду. Боьхна доьзалш Iедалан гIоьнца меттахIиттар дика ду боху 18 процент сайт йоьшучара.

Чолхедаьлла хьал делахь, вон дац Iедалан гIоьнца дIасакъаьстина доьзал меттахIуттуш боху 29 процент наха.

Амма, оьшуш дац боьхначу доьзалшна юкъа а гIерташ, уьш цо вовшахбетта, боху дукхахболучара – 53 проценто. И бохург ду, гарехь, нах шайн лаамехь бу, цхьаьнакхета а, торуш дацахь, даиманенна дIасабовла а.

Нана а, да а, берашна гергадахарх, бераш ден а, ненан а йовхоне юханисдаларх вер вац кхаьрдаш стаг. Амма адаман бакъо ю цхьаьнакхета а, къаста а, аьлла хета царна.

Гоьваьллачу оьрсийн яздархочо Толстойс шен "Анна Коренина" романехь ма-аллара, «массо а ирсе доьзал тера бу вовшех, хIора ирс доцу доьзал шен хьесапехь ирс доцуш бу».

Нохчийчохь доьзалш вовшахбетташ айинчу кампанин ю, сакъийзаме а, хазахетар кхачош а ерш санна, беламе агIонаш а.

Бераш кегий долчче юхаяха еза-кх, и хIун ду, хьаьнга яха еза бохург?!

Экам тема хIара хиларна, Маршо Радионо девзар доцуш хийцина къамелдечийн аьзнаш. Цхьана юьртарчу зудчо дуьйцу кху муьрехь иккхинчу дилеммах лаьцна. Вовшахтухучу даьлча, шен марехь хиллачех хьанга юхаяха еза ца хууш йисина шен юьртахо боху цо.

Хьалхара зуда: Цхьаьнхьа дина бераш ду тхан юьртарчу цхьаьннан, цул тIаьхьа яхначохь а ду бераш. Муьлхачуьнга яха еза а ца хууш дисина цуьнца дерг".

Оцу зудчуьнга ладоьгIначу кхечу зудчо хьоьху шен кхетамехь муха ерзо еза ситуаци.

ШолгIа зуда: "Бераш кегий долчче юхаяха еза-кх, и хIун ду, хьаьнга яха еза бохург?!"

Халахетаре даьлла дацахьара, беламе ду ала тарлора кхечу юьртахь нисделларг. Молла, юкъахь бераш долу стаг а, зуда а, къаьстина 3 шо даьлча, йолаеллачу кампанино кхачийна йитина зуда йолчу керта. Дерриг а дика доьрзуш хилла, амма ларамза дохийна дуьйцу захало къамела юкъаиккхинчу марваша лаьттинчо.

Хилам бовзуьйту оцу юьртарчу зудчо.

Дийцархо: "Тхан куьпара хьанех дIайига нах бахкийтинера иза юхайига воллучо. Дерриг дика дIадоьдуш дара, там-мах бечу моллас хаьттина, хьалха яийтинерий хIара цIа, аьлла.

Эццахь юкъаиккхинчу марвашас аьлла, "иза-м кхузза а йитинера цо".

Кхузза йитина хилча, шен бакъо яц доьазлагIа а уьш вовшахтоха, аьлла, моллас".

...шен йиш яц мах бан, аьлла, молла дIавахана.

Молла, ша ШарIехь харц хир ву, аьлла, кхеравелла, дIавахана маха а ца беш. Муха нисделира и далатохар дуьйцу шен маре меттахIоттор ца магийначу зудчо ша.

РогIехь юхаяха ца магийнарг: "Уьш-м шозза а, кхузза а баьхкинера, кхузлагIа баьхкича, дахдина-кх и гIуллакх. Соьга хаьттинера: "ТIаьххьара арайолуш, хьуна хезаний хьо юьту олуш?" Ас сайна ца хезна аьллера.

Цуьнга хаьттинера, цо шена дага ца догIу, аьллера. Молла там-мах бан воллуш хилла. Юкъаиккхинчу оцу сан марвашах: "Иза-м цо кхузза а ма йитинера!" - аьлла. ТIаккха, шен йиш яц мах бан, аьлла, молла дIавахана.

Иштта, тати-гота йина. Ас-м элира, сайниг хиларна ду аш дохош, шайн йоIарий хиллехь, лергаш таIIийна, чекхдоккхур дара. Ас цул тIаьхьа кхин ма бахкийта аьлла-кх. Бахкинарш хьекъале вистхила хууш а ца хилча!

Цхьаъ хир дара цунах-м. Башха догдуьллуш-м вац Иза а. Шина беран дуьхьа гIур яра со а".

Оьрсийчоьнан статистика схьаэцча, стохка миллион ца кхоччуш хилла зудаялийна барам. Амма оцу вовшахкхеттачу хIора итт доьзалх ялх боьхна.

Берза а тарло цхьаболчу юхавовшахтоьхначу доьзалшна Нохчийчохь бен болх пайдехьа. Ткъа лаамза – шайгара дарж ца далийта, я кхечу бахьанашцаца - вовшахтоьхнарш ирсе хир бу, ала дац. Ницкъаша ирсе ца вина кху дуьненахь цхьа а, цхьаммо а...

XS
SM
MD
LG