ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хиллачу федералан суьдхочун Янгулбаевн зуда бертаза дIайигна кадыровхоша Лахарчу Новгородера


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Лахарчу Новгородехь федералан суьдхо хиллачу Янгулабаев Сайдин петарна чулилхинчу нохчийн полисхоша, стенга юьгу а ца дуьйцуш, дIайигна цуьнан хIусамнана Зарема. Могуш яц зуда, кхетамчуьра яьлла хилла иза ша аратекхош.

"Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" информацица, нохчийн полицин белхахоша уьш бехачу хIусамчу а лилхина, организацин белхахой дIаса а лестош, адвокатана бетах хIума а тухуш, иштта йиттина суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, цуьнан хIусамнанна а.

Масех минот яьллачул тIаьхьа бакъоларъярхоша хаам бира, Янгулбаевн хIусамнана дIаийгна 7-8 нохчийн ницкъхочо аьлла.

"Ламеш тIехь вон хилла, кхетамчуьра елира иза. Заремас тахана ковидна тест еллера, тера ду цунах ун кхеттачух. Иштта диабет цамгар а ю зудчуьнца. Полисхоша йа бедар а, йа инсулин а ца эцна шайца схьа. Цуьнан дахарна боккха кхерам бу", - хааме даьккхина бакъонашларъярхоша.

"Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" белхахочо Бабинец Сергейс билгалдаьккхина, шаьш нохчийн полисхой ду аьлла нах туьтмIаьжгашца а, герзашца бара, "маьттаза мотт лебора", Сайди а, Зарема а доцург а, адвокатах а, шех летира аьлла.

Иштта Комитето зорбане яьхна, Янгулбаева Зарема дIайигначу машенийн номерш.

"Новая газета" яздарехь, Янгулбаева Зарема бертаза нохчийн полисхойн каралуш гIо дина Нижегородскан полицино а, Нижний Новгородерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан 7-чу декъо а. Хиллачуьнца доьзна Нижний Новогородерчу ФСБ-н урхалле бевлира журналисташ. Шен цIе яккха ца лиинчу белхахочо "иштаниг хуьлийла дац" аьлла, дIахьедира.

Хьалхо полисхоша лаьцнера ЯнгулбаевгIеран к1ант - бакъоларъярхо, Къилбаседа-Кавкаpерчу "Iазапашна дуьхьало латторан Комитетан" офисехь болх беш хилла Янгулбаев Абубакар. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь цо дийцинера, Нохчийчохь шен гергарнаш полисхоша дIабигарх

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG