Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь федералаша герзаш деттачу ханахь чевнаш йинчу махкара вахархочунна Ахъядов Шамсольдана 400 эзар сом компенсаци елла. Оьрсийчоьнан финансийн министралле цо кховдийна хиллачу искан хьокъехь сацам тIечIагIбина Нохчийчуьра Лакхарчу кхело.
"Межидов Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьллачу гIуллакхан декъехь оьрсийн эскархойн зулам листира ЕСПЧ кхело. Материалашкахь хаамбо, 1999-чу шеран гIадужу-беттан 5-чохь ЧIулга-Юьртахь артиллерин герзаш диттина хиларх. Меттигерчу бахархоша динчу тоьшаллашца а, иштта оьрнаш долчу меттигашца а къастийна, Теркан дукъан агIор герзаш диттинийла, цигахь латтош дара федералан эскарш. Юьхьанца Оьрсийчоьнан бакъоларъяран органаша цунна бехкейора нохчийн агIо.
Кху шеран мангал-баттахь финансийн министралло къоьвсинера Ахъядовна компенсаци ялар тIедожош бина сацам. ХIинца Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело дIахьедина, бина сацам юхабаккха бахьана ца го шайна, цундела ницкъе хир болуш бу иза.
- Нохчийчуьра Лакхара кхел дуьхьал хилира, 2000-чу шарахь федералан эскарийн тохаршна бухахь маьрша нах бойъуш дина зенаш меттIахIийттон. Оцу гIуллакхехула къестамаш бен масех шо а ду. Иск чукхачийнера Тарамова Хожис а, Датаева Залпаа а, Тарамов Iаббаза а, Пайзуева Зайнапа а, ТарамовгIара Матас а, Iабдуллас а. Кхелан материлашкахь долчуьнца, 2000-чу шеран гезгамашин-баттахь Ханкалахь куп тоьхна хиллачу федералан ницкъаша тохарш дира Устрада-ГIаларчу нах бехачу кварталашна. Нийса хIоъ цIенна тIекхетта делира ТарамовгIеран зудий-майрий, церан кхаа берана кеп-кепара чевнаш йира.
- Мангал-бутт бовш Краснодар-мехкан кхело тIечIагIдира, Оьрсийчоьнан эскарийн карах кхо шо долу Загудаев Султан кхалхар – бер делира Серноводское олучу эвлахь, 1999-чу шарахь Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш динчу тохаршкахь. Компенсаци хIоттийра Загудаева Натальина вийначу кIантах – 20 эзар сом. Кхаа шарахь сов кхелаца къийсаеллачу зен хиллачо "цадашар а, сийсазалла а ю иза" элира иза. Цуьнан адвокатана, мелхо а, боккха толам хета иза.
- ГIебарта-Балкхаройчоьнан Прохладный кIоштан кхело йихкина, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу заманчохь Оьрсийчоьнан салташца яьккхина 20 минотехь йолу видео. КIоштан прокуроро кховдийнера иск кхеле.
- Нальчик гIалин кхело дуьхьало йина Геграев Далхатана 10 эзар сом компенсаци яла, 2002-чу шарахь Нохчийчохь йинчу тIеман чевнах. Цул совнах, цкъа кхачош долу ахча сецорна МВД-н пенсхочо тIедожийнера ГIебарта-Балкхаройчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина а, Росгвардин урхаллина а, номер 6779 йолчу Хьалха-МартантIерачу тIеман декъана а 1,8 миллион сом.