ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

iPhone Film Festival-ехь толам баьккхина Мулкоев Анзоран филмо (видео)


Мулкоевн филм 4 минот гергга бен яц. Амма вуно боккха чулацам болуш ю иза.

«iPhone Film Festival» къовсамехь айфон телефонца яьккхина филмаш бен схьаоьцуш яц.

Иза цхьа ша тайпа къаьсташ ю кхечу къовсамашкахь санна йоккхуш боккха гIирс ца эшарна. Цундела цо аьтто ло жимма а похIма долчу стагана, муьлххачу тIегIанехь болх беш иза велахь а, ша яьккхинарг шуьйрачу тидаме йилла.

Кхушарлерчу конкурсехь 6 филм къастийнера жюрис тоьлла ю аьлла. Царна юкъахь ю Мулкоев Анзоран «ДIадахначуьнга юхаверзар» цIе ерг . Коьртачу «Кинематографи» олучу номинацехь хьалхара меттиг яьккхина цо.

Мулкоевна иза цхьа де хьалха бен ца хиира. И кхаъ боккхуш цо доцца ши-кхо дош яздинера социалан машанерчу шен агIон тIехь.

Ша оцу конкурсе кхачар а ларамаза хилира аьлла дийцира Мулкоевс.

Мулкоев: «ДIадаханчу шарахь и конкурс хилла аьлла дешнера ас. Кху шарахь иза хилахь а аьлла, дIахьажийра ас цига сайн филм. Коьртаниг ду иза телефон тIехь яьккхина хилар».

Мулкоевн филм 4 минот ца кхочуш бен еха яц. Баккхийчеран а, кегийрхойн а, дайн а, берийн а зIенаш а, уьйраш а гойту цо. Авторо шен нийсархошка кхайкхам беш санна хетало цуьнга хьаьжча марзо эца, терго е баккхийчаьрга, кхана-лама дагахь баллам ца хилийта. Шен жималлера дагалецамаш бу боху цо оцу филман чулацамехь.

Мулкоев: «Иза яьккхина цхьа ши шо а ду. Дукха хенахь дуьйна ойла яра сан иштта филм яьккха. Баккхий нах дIабоьлху вайн. Сайн деда а дагавогIу суна. ХIинца ойла хуьлу сан, хIинца а дина велар иза олий».

Мулкоевн филм кхиъ маситта конкурсехь толамаш баьхна ю. Ша автор гIишлошъяран белхало ву Москохарчу объекташкахь. Мукъаваьллачу хенахь даганна там хуьлу болх бу цо камерица беш берг. Ала догIу, цуьнан филм «шахматан кинон» хатI долуш ю.

И стиль кхоьллинарг а ву нохчо Инал Шерип. Иштта маьIна долуш яьккхинчу филмо кIоргга ойла йойту дахарах а, дуьненах а. Царах ю Мулкоевс яьккхина филм а.

XS
SM
MD
LG