ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Терк" а тоьлла, Боярскийна мекхаш а дисина


Оьрсийчоь -- Футболан тобанаш "Терк" а, "Зенит" а ловзуш, Петарбух, 14Гез2012
Оьрсийчоь -- Футболан тобанаш "Терк" а, "Зенит" а ловзуш, Петарбух, 14Гез2012

Хазахетар кхаьчна нохчийн футболан тобан «Теркан» ловзарш тидамехь кхобучу нахе. Петарбухахь меттигера «Зенит» эшорца шен лигехь хьалхарчу метте яьлла иза. Оцу хазахетарца цхьаьна матчо кхоьллина беламе хΙуманаш а. Масала, эшаръалархочун Боярский Михаилан мекхашна тΙебоьжна кхерам...


«Зенит» тобан оцу матчах доьзна дара Нохчийчуьрчу «Теркна» эша а ца оьшуш, дIахьочу ловзарийн кочар кхин а дIахьар. Ткъа "Теркна" а вуно хьашт дара толаме жамI.

Санкт-Петербургарчу стадион, охьахаа еса меттигаш йоцуш, юьзна яра меттигерчу тобан агIончех. Трибунийн тоьллачу меттехь вара оцу тобан спонсоран «Газпроман» куьйгалхо Миллер Алексей а, вевзаш волу артист Боярский Михаил а, ишшта иттанаш эзар фанаташ а.

Ловзаран шозлогIачу декъехь, тIаьхьий-хьалхий, юкъа башха дукха хан а ца юлуш, ши буьрка чутуьйхира «Терко». Дуьххьарниг туьйхира цхьана хенахь ша а оццу «Зенитехь» левзинчу Аилтонс. Матч чекхаяьла масех минот йисале «Теркан» ловзархочо Лебеденкос чуйиллира шолгIа буьрка а. Оцу толамо «Терк» Оьрсийчоьнан чемпионатан турниран могIанийн коьрте хIоттийра.

«Зенито», инзаре дукха мах а белла, эцначу шина ловзархочуьнна Халкана а, Витцелигна а тIехьажийнера петархоша шайн мел болу сайтисам. Мотталора, и шиъ юкъаваьлча, «Терк» тоба, шашах эшалур ю.

Ца дисира «Теркан» а, «Зенитан» а ловзар кхиболу самукъане хиламаш боцуш а. Санкт-Петербурган дукха хенахь дуьйна фанат волчу Боярский Михаилан цIарах хаам баржийра ловзар доладалале цо, нагахь санна шайн тоба эшахь, ша коьртара хIума а, мекхаш а дIадохур ду аьлла, бохуш.

«Терко» туолам баккхарцана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун твиттерехь Боярскийга беш хаам гучубелира, шляпа а, мехкаш а дIа ма дахахьара, аьлла дехар а долуш. Уьш ца хилча, говаьлла актер вевзара а вац, бохуш дара иза.

Жимма тIаьхьо Боярскийн кIант яздира оццу твиттерехь, шен дас и дош делла а дацара, аьлла. И дуьххьара хилам бац, «Терк» тобанах ца бешаш, цхьацца наха ишшта дош а луш, иза кхочуш ца деш. Иза дагадоуьйтуш ву футболъезархо Цицаев Заур.

Цицаев: "7 шо хьалха «ЦСКА-н» ловзар дара «Теркца». Газзаев Валерийс, церан тренеро, ца вешаш аьллера, шаьш эшахь, ша шен ши мекх дIадошур ду, аьлла. Оцу дийнахь «Терк» туьйлира. Селхана Боярскийс аьлларг новкъа деъна суна. Цунна ша мушкетер ву моьттина хир ду. Бахьана ма даьллехь, ши мекх дIадошуш хилича, уьш а, коьртахь хIума а лело а ца оьшу. Осал хIума ду иза".

Дикка хан ю Оьрсийчоьнан футболах а политика йина. Цхьанненна а къайле яц, цхьайолчу тобанийн фанатийн могIарш къаьмнашка цабезам болчу скинхедех лаьтташ хилар а.
XS
SM
MD
LG