ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь грант кхаьчначу нохчийн суртдиллархочо шена депортаци йан мега аьлла


Париж, Франци
Париж, Франци

22 шо долчу суртдиллархочо Ясуев Iабдул-Хьадиса дIахьедина, ши шо хьалха ша кхаьчначу Францино депортаци йан мега шена. Цо бахарехь, цуьнан дахарна кхерам лаьтта Нохчийчохь.

Францхойн France Bleu сайто яздарехь, шозза шена тховкIело йала реза ца хилла йолчу Италехула кхаьчна иза Франце. ХIинца а и статус Францехь а ца елла цунна – шен гIуллакх тIедуза аьлла цуьнга Iедало, амма хууш дац, муьлхачу бух тIехь.

Дайначу шеран гурахь Ясуев дIалецира миграцин низамаш дохорна – хIинца и истории юха а хиларх кхоьру иза, цкъа дуьххьара Итале, тIаккха шена кхерам лаьттачу Нохчийчу хьажорах ийзало. Францхойн Iедало чIагIдо, тховкIело яларан ходатайство талламан тIегIанехь ду, тIаккха и стаг дIалаца йиш яц.

"Ас беш болу болх, ас дIатийсина зIенаш, ас Францехь мел-кхоьллинарг – айса дуьненчохь хан йоккхучу заманчохь духхьара ала йиш ю сан, суна дукхадеза дахар нисделла сан. Суна кхин депортацин кхерам ца латтаре сатуьйсу аса, иштта сайн болх кхин дIа дIакхехьа а, хIунда аьлча, иза суна мехала ду. Аса хIиттийна уьйраш, бина болх, баьхна кхиамаш, - дахар аса ала мегар долуш хIумнаш ду уьш", - аьлла журналисташка суртдиллархочо.

Муьлхачу бахьанашца дIавахана Ясуев Нохчийчуьра, цунна республикехь лаьтта кхерам стенца боьзна бу, цо ца дийцина.

Ясуевна тIехIоьттина ю цуьнан белхан накъост Монтье Синтия – цо дийцира, Karma олу проект цхьана юккъехь кхоьллина шаьш, цунна грант елла Францин Iедало. Оцу Iедало хIинца суртдиллархочунна депортаци ярца сацам бан а мега – и хилахь цу шиннан болх бовр бу. Хьалхо суртдиллархой тайп-тайпанчу барамашкахь дакъа лаца кхайкхира, ткъа Ясуевна гIо лоцуш диллинчу кехатна кIел куьйг яздира 45 францхойн юкъараллин гIуллакххоша, хьехархоша, суртдиллархоша а.

  • Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало еш, йа европхойн пачхьалкхаша депортаци йина меттигаш. Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. Бакъонашларъярхойн хаамашца, къаьсттина иза хьакхало нохчех: царна ян тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилча а.
  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.
  • Стигалкъекъа-беттан 20-хь шведхойн Векше гIалин юккъехь митинг хIоттийра, Нохчийчуьра вахархочун Ш. Артурана Оьрсийчу экстрадиции ярна дуьхьал – Швецин миграцин сервис реза ца хилира Ш. Артурана мухIажаран статус йала. "Вайфонд" ассоциацехь Кавказ.Реалиига дийцира, мухIажар шена тIехь Iазап латтош хиллачу Нохчийчуьра ведда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG