ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь нохчийн ши доьзал мухIажарийн тховкIело ца яларна четарш чохь беха


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Шиъ нохчий доьзал – верриг а 15 стаг, шайлахь 11 бер а долуш – Страсбургехь арахь биссина, Францин Iедало мухIажарийн статус ца яларна.

Европерчу нохчийн Ассоциацин пресс-секретаря Албаков Шемала Кавказ.Реалиига дийцина, доьзалш диъ шо хьалха Франце сехьабоьвлла, кхузахь мухIажарийн статус яккхаран кепах чекхбуьйлура. Оцу хеначохь царна цхьана ханна чохь баха меттиг а, социалан гIо а латтийра, амма статус яла дуьхьало йича арадовла дийзира церан.

"ХIинца мэрина хьалхарчу четарш чохь беха уьш. Цхьамма а дIа ца буьгу, депортаци ца йо, полици тIех юьйлу. Доьзалша мэрица дийцарш деш бу, чубаха меттиг йоьхуш. Церан ши агIо ю: тховкIело йоьхуш арз юханехьа чудала, йа шаьш Францехь шортта хан яккхаран бух тIехь кхузахь баха префектуре пурба дехар. Церан бераш кхузахь школе лелаш ду", - дийцина Албаковс.

Цо тIетуьйхира, социалан сервисийн меттигаш ца хиларна аьтто бац уьш дIатарбан, цара доьху мухIажаршка хIора денна телефонаш еттар, чоьнаш мукъаяьллий хоьттуш аьлла. Иштта, хьолана юкъагIоьртина нохчийн бераш лелаш йолчу школан директор а, цо а хьажийна меттигерчу префектуре кхайкхам.

Къамелдечо тIетуьйхира, иштта хьал сих-сиха хIуттуш хилар, нохчийн бакъоларъяран юкъараллийн аьтто ца хуьлу иштта тIехь тхов боцуш биссинчу хIора доьзална гIо латтон. Цул сов, юкъараллин организацино петар елча, доьзал социалан гIишло оьшучийн статусех хеда.

Хьалхо оцу мухIажаршца хIоьттинчу хьолах Нохчийчоьнан Iедалхоша пайдаийцира, царна гIо ца дарна Европехь беха оппозиционераш бехке беш. Масала "Грозный" пачхьалкхан телеканалан куьйгалхочо Ахмадов Чингиза дIахьедира, тIе ца эцначу Нохчийн республика Ичкерин агIончаша оцу доьзалшна петар ца лаьцна, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо "миллионаш нахана" гIо дечу юкъанна, аьлла. Дуьйцуш дац, дагахь дуй республикера Iедал оцу Францера доьзалшна гIо дан.

  • Кадыров Ахьмад цIарах йолчу фондана дуьхьала Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскан глобалан актан" бух тIехь санкцеш ю яьхна (адамийн бакъонаш хьешарна бехкебечарна тIаьхьабовлархьама лелайо иза Вашингтоно). Организаци масийттаза бехкейора "шен лаамехь-нуьцкъаха" фондана сагIийна ахча кхехьийта нах декхаре барна, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца лоцура.
  • Охан-бутт болалуш Кадыровн цIарах йолу фондо кхачанан сурсаташ декъна Украине бахначу ницкъахойн доьзалшна - сурсаташна юкъахь даьтта, дуга, бежнийн жижиг, шекар а дара. Уьш декъна Нохчийчоьнан Гуьмсан кIоштан Джалка олучу юьртара бахархошна, "цигара дуккха а шайн лаамехь нах бахана". Кадыровн критикаша чIагIдо, меттигера бахархой бертаза тIамехь дакъа лаца хьежош бу, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевлла лела нах а цхьаьна. Йозуш йоцчу хьасташкара информаци бакъеш тоьшаллаш дац.
  • Кавказ.Реалиино дийцира, Зазадоккху-беттан 13-хь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалаьцна 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина а, цуьнан жима кIант а. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажир бехкейина Шеман тIамехь дакъалацарна. Гериханова дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – ден девешин аьтто белира иза цигара дIавига. Охан-беттан 13-хь Сучава гIалан (Румыни) кхело Украинера мухIажар, 36 шо долу нохчо Гериханова Амина дIайехначу Оьрсийчоьнан дехар кхочушдеш сацамбира. Бина сацам къовса а, мухIажаран статус еха а Iалашо ю цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG