ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера латархойн тобанера нохчаша Европерчу чемпионатехь шиъ дашо мидал йаьккхина


Францин вовшахтоьхна кегийрхийн летарийн тоба, коллаж
Францин вовшахтоьхна кегийрхийн летарийн тоба, коллаж

Румынерчу Бухарестехь чекхйели Европан кегийрхошлахь латаран чемпионат. Францера маьршачу кепехь летачийн тоба йалх нохчочух лаьтташ йара - цара шиъ дашо, цхьаъ борзанан мидал йаьккхира.

Иштта, маьршачу кепехь леташ волу (65 кийле кхаччалц) Арсамерзуев Хьамзат Европан чемпион велира. Финалехь цуьнца лата билгалваьккхина хилла волу Азербайджанера Бабадзе Рашид, лазийна ша аьлла, йукъаравелира.

ШоллагIа деши Магамадов Рахьима схьаийцира(86кийле кхаччалц йозалла). Финалехь цо Эрмлойчуьра Князь Ибоян эшийра.

Украинерчу латархочунца тIаьххьара тасавеллачу Висханов Iадлана (92 кийле кхаччалц) борзанан мидал яьккхира.

Борза къовсуш (61 ткийле кхаччалц) Бибулатов Адам эшийра италхочо Пиродду Симона. Изза борза схьа ца эцаделира Сангариев Мухьаммад-Амине а (70 кийле кхаччалц). Германин байракх бухахь летачу Дагестанерчу Буйнакскера Устаев Шемална дитира цо иза.

Францера нохчий боцучеран а хилира цигахь аьтто. Европерчу кхечу пачхьалкхашкара лата баьхкинера Данера Бисултанов Турпал-Iела а, грекийн-римхойн латарехь (дато мидал йаьккхина цо), тIаккха Польшера Салимов Майрбека а, Германера Накаев Дениса а борза даьхьира.

  • 20 шо кхачанза болучарна йуккъехь чемпион ву Магомадов Рахьим. Цуьнан 4 шо долуш Нохчийчуьра дIабахна цуьнан доьзал. Борзанан толамхо волчу Висханов Iадланан гергарнаш 2008-чу шарахь бевлла даймахках. Шаьш дIадахаран бахьана шен ненан могушалла йу, "Оьрсийчуьра чолхе хьал" ду элира Висхана.
  • Стохка хиллачу Европан чемпионатехь а вара Францин тобанехь виъ нохчо.
  • Чиллан-беттан 28-хь Дуьненайукъарчу спортан федерацино дихкира Оьрсийчоьнан а, Белоруссин спортхошна къовсамашкахь дакъалацар. Лаахь, нейтралан статусехь дакъалаца магадора МОК-о. Къилбаседа Кавказан йоккхачу спортана хIун тIеIаткъам бийр бу цу хийцамаша бохуш, хиттира Кавказ.Реалиин сайто эксперташка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG