Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 22 шо долчу нохчочунна Ойсаев Джахарна депортаци яр сацийна кхело.
Ойсаеван гIуллакх тховкIело яларан хаттаршкахула йолчу Къоман кхело (CNDA) теллина, хаамбо Amnesty International Франция организацино, кхело сацам бина, депортаци яро тховкIелоне догдахаран бакъонах вохаво иза, хIунда аьлча, Нохчийчохь Ойсаев Iазапе лаца тарло. Амма CNDA-н сацам хьехар дар санна ларалуш бу, чоьхьарчу гIуллакхийн министралла дагахь яра и сацам тергал ца беш бита.
Ойсаев юкъарчу юрисдикцин кхеле велира, масех сахь даьлча цо а бира иштта сацам, иза тIетевжира дуьненаюкъарчу низамашна, стаг схьаваьллачу махкахь цунна Iазапаш даран, къиза йа сийсазвеш таIзарш даран кхерам латтахь, дуьненаюкъарчу бакъонаша ца магдо и стаг ишттачу метте юхахьажон.
ХIинца Ойсаев лаьцначу нехан центрехь ву, цигахь вегIа иза дахначу шеран ГIуран-беттан 6-хь дуьйна, ша динчу шина арзанехула сацамашка сатуьйсуш ву иза: дуьххьарчо депортаци яран сацамна латкъам бо, вукхо – ша дIахьажоран меттиг Оьрсийчоь хIотторна.
- Шен берриг доьзалца мухIажиран статус елира Ойсаев Джахарна цуьнан 7 шо долуш иза Франци ма-кхоччура. 2019-чу шарахь и статус дIаяьккхира цуьнгара, колледжехь доьшучу заманчохь радикализаци лелийна аьллачу шеконашца. Делахь а, жимстаг цкъа а тергонехь хилла вац, ткъа гIуллакх кхеле а кхачале Ойсаевн хьокъехь болийна таллам сацийнера.
- Хьалхо Францера араваьккхира 37 шо долу Нохчийчуьра Гадаев Мохьмад. ХIинца иза Оьрсийчохь ву. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс. Оьрсийчу дIакхаьчна ши де даьча Нохчийчуьрчу полицино лачкъийна вигира иза, тIаккха лецира герз лелийна, аьлла харц бух тIехь гIаттийначу бехктакхаман гIуллакхехула. 2021-чу шеран Мангалан-баттахь низамца йоцучу кхелан сацам хилира цунна 18 бутт хан тоха шогачу рожан колонехь яккха.
- 2019-чу шарахь Украинерчу бакъоларъяран органаша шайн пачхьалкхера араваьккхира Нохчийчоьнан вахархо Альбердов Iумар. Урамехь саца а вина, цуьнга аьлла хиллера, Украине кхайкхина ахь "ца оьшу цхьаъ" аьлла. Оцу юкъанна Альбердов Украинехь ваха бакъо йолуш вара, Киевехь шен доьзалца дIатарвелла вара иза.