ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францихь ГIалгIайчуьра вахархо лацар а, Кадыровн пиар а


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

ГIалгIайчуьра вахархочо хьехархо вийна Францихь, Украинана дуьхьал тIемаш беш хилла Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбера а велларг пхи эзарал сов ву, шен пиаран дуьхьа Израилан а, Хьамасан а тIамах пайдаоьцуш схьавогIу Кадыров– цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 33-чу подкастехь.

ГIалгIайчуьра вахархочо хьехархо вийна Францихь | МАРШОНАН ПОДКАСТ #33
Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:13:40 0:00

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

ГIалгIайн вахархочо хьехархо вийна Францихь

ГIалгIайчуьра вахархочунна, гIадужу-беттан 13-чохь лаьцначу Могушков Мохьаммадна бехкаш дехкина Францихь, пачхьалкхан къилбера Аррас гIалахь школехь урс даьккхина тIелатарна.

Вийна цигахь 57 шо долу францхойн меттан а, литературин а хьехархо Бернар Доминик, кхин а кхаанна вон чевнаш йина.

20 шо ду Могушковн, беран хенахь кхаьчна иза шен доьзалца Франци. Аррасехь тIелеттачул тIаьхьа гучудаларца, жимчу стеган воккхаха волу ваша лаьцна ву терроран артиклехь бехк биллина, ткъа ша Могушков полисхойн тергонехь хилла, цуьнан радикалан хьежамаш болчух тера ду аьлла, шеконаш хилла. Делахь а, иза лаца бахьана ца хилла бакъоларйаран органийн.

ХIинца жимстаг бехкево террорхойн гIуллакх лелош хилла, стаг вен кIело йина, террорхойн йукъараллехь дакъалоцуш хилла аьлла. Францин зорбанаша чIагIдарехь, школана ша тIелатале хьалха Могушковс даIишна тешаме хила ваIда деш видео дIайазйина хилла боху, иштта хьахийна хилла цо ХЬАМАС-н тIемалой а. Аррасехь хиллачу зуламан Гергарчу Малхбалехь болчу хиламашца зIе йу аьлла дIахьединера ишта Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Жеральд Дарманена а.

Йуьхьанца Могушков Моххьамадца цхьаьна полици валийнера итт стаг: цуьнан гергарнаш а, бевза-безарш а.

Делахь а, бехкаш царех шинна дехкина: цуьнан жимахволчу вешина а, шичина а - ший а берхIийтта шаре валанза ву. Хьалхарниг бехке лаьрра декъахь хиларна, шолгIачунна – шена тIелатар кечдеш дуй хуъушехь, и йукъах даккхха хIумммаъ ца дарна.

Полицихь кхо де даьккхинчул тIаьхьа Могушков Мохьаммадан йишас дIахьедина францхойн хаамийн гIирсашка, вешо доьзалехь Iаткъам латтош, ницкъбеш хиларх динца доьзначу бахьанашца. I8 шо долчу йоIа дийцарехь, Могушковс иштта балехь латтош хилла церан нана а. Зорбанийн хаамашца, доьзалехь гIело латтош хилларг церан да а цхьаьна хилла, Шема а вахна, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъехь тIом бан Iалашо хиларна Францино араваьккхина хилла иза шайн пачхьалкхера. 20I8-чу шарера схьа дуьйна иза цхьаьна воцуш бехаш хилла цуьнан доьзал.

Йоллу Францина бохам хилира Аррасехь хьехархо вийча - тIелатар динчу школе пачхьалкхан президент Макрон Эммануэль а веанера. ТIаьхьо гIали чохь акци дIайаьхьира вийна Бернар Доминик дагалоцуш, эзарнашкахь нах арабевллера цигахь дакъалаца, бусалбанаш а цхьаьна бара цаьрца, тIелатар йемалдира цара.

Кхул а хьалха Францихь тIелатар дира хьехархочунна 2020-чу шарахь, хIетахь Парижан йистехь 47 шо долу историн хьехархо Пати Самюэль вийра. И зулам динарг вара I8 шо долу нохчо Анзоров IабдуллахI, лоцучу хенахь герз тоьхна вийра иза. ТIаьхьо цуьнан дакъа меттигерчу ламасташца лаьтте кховдо Нохчийчоьне дIаделира. Йуьхьанца дуьйцура Пати веран бахьана йоьдучу урокехь цо Мохьаммад Пайхамарна йехкина карикатураш дешархошна гайтар ду бохуш. Амма тIаьхьо гучуделира, цунах лаьцна дийцинчу дешархочо хардцерг аьлла хиллера хьехархочух лаьцна – карикатураш цо гайтина ца хилла.

Керла тIелатар динчул тIаьхьа Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро аьлла, радикализмехь бу аьалла, шеконаш йолу пачхьалкхера иттаннашкахь Оьрсийчоьнан бахархой арабохур бу аьлла. "Бу царлахь Нохчийчуьра бахархой а", - билгалдаьккхина Дарманен Жеральда.

Украинера тIамехь 5000 сов велла Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбера

Оцу йукъанна, тIамца Украинана Оьрсийчоь тIелеттачул тIаьхьа Кавказ.Реалиин редакцино динчу лараршца, Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а велларг пхи эзар стагал сов ву. Йуьхьанца дуьйна хаа а хуш, дуьззина дац и зераш, уьш кечдина регионалан Iедалхойн дIахьедарш тIехь а, социалан машанашкара хаамашкара схьаэцна а, билггал байинчех терахь дикка алсам хила таро йу.

Къилбаседа Кавказеара а, Оьрсийчоьнан къилбера а къаьсттина дукха белла Краснодар-махкахь – мел лахара а 1194 вийнарг ву; цунна тIахьа йогIу Волгоградан кIошт, Дагестан, Ростовн-кIошт – кхузахь мел кIезиг а вийнарг ву хIора а регионехь 700. 400 салтий вийна Ставрополь-махкара а, Къилбаседа ХIирийчуьра а. Иштта Нохчийчуьра 200 кхалхарх хууш ду, изза терахь ду Астраханан кIоштахь а. Иттанашкахь байъина ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Адыгейра а, ГIалмакхойчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а.

ТIеман пенсхочо Вотановский Виталийс гIо дора журналисташна Краснодар-махкахь Оьрсийчоьнан байинчу эскархойх а, йолахойх а тептар хIоттош, цунна гучудаьлла ши эзар сов каш. 2023-чу шеран оханан-баттахь Вотановский дIавахара Оьрсийчуьра, бехктакхаман гIуллакх дуьхьал даккхарна кхерам латтарна. Дахначу пIераскандийнахь, гIадужу-беттан I3-чохь юстицин министралло "арахьарчу агентийн" тептаре ваьккхина жигархо "арахьарчу зорбанан гIирсашца йукъахь жигара болх барна" а, "Оьрсийчоьнан а, оьрсийн эскаран а негативе васт кхолларна" а.

Израилан а, ХЬАМАС-н а тIамах Кадыровс шена пиар йар

Палестинехьа митинг ца хIоттайайтина полицино Дагестанехь гIадужу-беттан 17-чохь. Зорбане даьхначу суьрташ тIехь а, видеош тIехь а гуш ду, Iедалхошкара пурба доцуш вовшахтоьхначу акцихь масех иттаннашкахь нах бу лаьтташ. ХIинжа-ГIалин коьртачу шахьарахь царна дуьхьал бевлира бакъоларйаран органийн белхахой.

["Кхузахь ламаз дойла йу вайн", - боху цхьахволчу жигархочо. Полицин белхахочо хоьтту цуьнга? "Маьждигехь стенна ца до, кхузахь хIунда деш ду и?". "Кхузахь дан хIунда йиш йац тхан"?", - дуьхьало йо гулбеллачара.]

Майданахь ницкъбина аьлла, бина хаам бац, делахь а, масех жигархо полицин декъе дIавигинера. ТIаьхьа Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло полисхоша дIабигинчу нехан билггал долу терахь элира – 16 стаг ву аьлла. Меттигерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, царех цхьабочарна полицин декъехь тIеман комендатуре тIекхойкхуш кехаташ караделла хиллера. Дагестанан чоьхьрачу гIуллакхийн министрллин пресс-гIуллакххоша информацих лаьцна аьлла дош дац.

ГIадужу-беттан 17-чохь къизаллица ХЬАМАС-ан тIемалой Израильна тIелеттча ГIазза секторехь болабелла тIом лазаме бу Къилбаседа Кавказера мехкашахь бехачу бусалбанашна. ГIадужу-беттан 11-чохь ГIалгIайчохь Палестинан байракх туьйхира регионера Бертан бIовна тIе. И хьан тоьхнера – хууш дац, тIаьхьо дIайаьккхинера байракх. ХIинжа-ГIалахь митинг хиллачул тIаьхьа регионера делах тешачарна а, Оьрсийчоьнан Iедалхошна а йукъархо хилла вистхилира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Кадыров Рамзана дIахьедира, гIадужу-беттан сатосуш йоллу республикехь массара а цхьаьна дIахIиттина ламазаш дира "палестинхойн къомана" тIера, массо а бусулбанашка кхайкхам бира цо, оцу масална тIаьхьахIитта аьллла. Урамехь гул ца луш, "шайн регионийн маьждигашкахь" вовшахдеттало аьлла. Оцу йукъанна дахначу кIиранах ша Кадыровс хьийхира, масала, дов лаьттачу Изралиле ХЬАМАС а, цунна мутIахь болу гIаттамхой а хьовсабе аьлла. ТIаьхьо дIакхайкхийра "халкъе шена хетарг алийта", палестинхошкахьа "митингаш магайе" – бакъду, Оьрсийчохь йе ца бохура уьш, Европан пачхьалкхашкахь йе бохура, оцу кепара акцеш цигахь ишта а йу хIиттош, Гергарчу Малхбалехь а санна.

ГIадужу-беттан 7-чохь тIемалоша герз доцу маьрша нах бойуш, закъалтхой лоьцуш Израильна ХЬАМАС-о дина тIелатар диллина йемал ца дина хIинццалц схьа Кадыров Рамзана. Цул совнах, шен публикацешкахь тоххара дуьйна хилла дов марсадалар Израилан Палестинаца бен тIом болуш санна дуьйцу цо, тIемаш карарчу хенахь ГIазза секторхеь бен боьлхуш боццушехь. "Дуьхьл жоп лур ду" шаьш "дуьненчуьра боллу бусулбанийн цIарах" бохуш, кхерамаш туьйсуш.

Цу тIе Iарбойн-израилхойн конфликтан а, Оьрсийчоь Украине гIортарна а йукъара цхьаьнадараш дуьйцу Нохчийчоьнан урхалхочо: масала, палестинхойн къомана тIера ламазаш дарх хIоттийначу постехь Кадыровс чIагIдо, бусалбанаша СВО олучу операцихь дакъалоцучарна тIера а ламазаш дира аьлла.

"Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин, дуьненайукъарчу а, Оьрсийчоьнан а официалан иерархихь де дийне меттигаш дIалоьцу кадыровхоша, - боху политолого Преображенский Ивана. – И бохург ду, цаьрга тIаьхь-тIаьхьа дIалуш йу официалехь йоцу "бусалбанашна лерина Оьрсийчоьнан МИДа-н" статус. Тоххара и роль ловзайора ГIезалойчоьно а, йукъ-кара Дагестанера бахархоша а, хIинца оцу позицешкара йаьла Дагестан, ГIезалойчоь а йолуш йу цигахь дакъалоцучуьра. Карарчу хенахь билггал коьрта хаттар лаьтта, схьагарехь, мила хир ву экономикехь оцу контактийн Iуналла ден дерг, политикан агIор исламан дуьненан Оьрсийчоьнан векал Кадыров хилла ваьлла.

Оцу чулацамехь Кадыровс къамел дукха мел де а, оцу декъехь цо жигаралла мел дика гойту а, алсам шансаш йу цуьнан, нагахь санна, Кремльна, эр ду вай, Iарбойн Эмираташца, СаIуда Iаьрбичоьнца, йа санкцеш тIехтосуш, шаьш ахчанаш дехьадохучу цхьаьнца зIе эшахь, оператор санна Кадыров хоржур ву, къастор вац, масала, ГIезалойчоьнан президент Минниханов [Рустам]"

Батаев Iелина тховкIело ца ло

Цюрихера депортацин куьпахь латточу 40 шо долчу Нохчийчуьра вахархочунна Батаев Iелина тховкIело йала дуьхьал хилла, хIунда аьлча, Швейцарин Iедалхошна Нохчийчоь маьрша мохк хета, адамийн бакъонаш а ларйеш. Миграцин хьукматера деанчу официалан кехата тIехь ду иштта йаздина, хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига "Европера машаран цIа" йукъараллин куьйгалхочо Гашаева Зайнапа.

Цо дийцарехь, сацамехь къаьсташ йаздина ду:"Нохчийчоь стабилехь, кхерамзалле йу". "Хаттар талла а ца толлуш, Батаевн адвокатан йоллу аргументаш дIа а теттина, абсурде позици лаьцна Швейцарино", - дIахьедина бакъоларйархочо Гашаевас. Оцу йукъанна, цо билгалдаьккхина, гIуран-батте Батаевн депортаци дIатеттина хилар, цундела сацам хIокху сохьта кхочушбийр болуш бац, къовса а тарло аьлла.

Батаев Iелин адвокат хьалхо Швейцарин миграцихула йолчу пачхьалкхан секретариате йаьллера. Цо дийцина хиллера Оьрсийчохь а, къаьсттина Нохчийчохь а адамийн бакъонашца долчу хьолах. Масална дийцинера тIамна дуьхьал буьйлучу жигархошна дуьхьал даьхна административан а, бехкзуламан а гIуллакхех, иштта Мусаева Заремин гIуллакхах лаьцна а. Швейцарин Iедалхой ца тешийна оцу масалша, Украинерчу тIамна дуьхьал волу Батаев Iела даймахка дIахьажон кхераме хиларх.

40 шо долу Батаев Iела дуккха а шерашкахь Украинехь ваьхна, оцу пачхьалкхехь ваха бакъо а йеллера цунна. Амма Украинехь тIом болийча Европе дехьавала дийзира цуьнан. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Швейцарин Iедалхоша лецира иза, хIетахь дуьйна депортацин центрехь ву. Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта цунна. Батаев тешна ву, нагахь санна, дIалахь - ша вуьйр ву аьлла, хIунда аьлча, Нохчийчуьра кадыровхойн рожан критик ву иза. Батаев Iелин махкахоша цуьнгахьа акциш хIиттийра Швейцарихь, Германихь, Австрихь, Швецихь.

Кадыровхоша лачкъийна волонтер

Белгородан кIоштара "Колотиловка" постехь – Украинана а, Оьрсийчоьнна а йукъара цхьаъ бен йоцу пост йу и – вайна украинхойн мухIажаршна гIо деш хилла волонтер Демиденко Александр. ТIечIагIбазчу хаамашца, иза лачкъийна хила тарло кадыровхоша.

Де хьалха зIенера вайна Демиденко, хаамбира о "Оьрсийн Би-би-си сервисо". Дозанхойн пункте цомгаш къано йалош веана иза, Оьрсийчоьнан дозанера "фильтрацех" иза дехьайаллалц хьоьжуш хиллера.

Оцу заманчохь паспорт цуьнгара схьадаьккхинера КПП-н белхахоша – хьалхо цо дийцинера, дукха хан йоццуш долийна хIума ду и аьлла.

Украинхой схьакхетош веанарг дIа ца вахийта, цо балийна нах дозанехула чекхбовллалц сацош хиллера иза, нагахь санна, уьш дехьа ца бовлийтахь, дозанхойн постехь машен йоцуш ца биссийта.

Меттигерчу таксхоша дийцарехь, царна гина хиллера, Росгвардин билгалонца ши машен Демиденкона тIе а йеана, цу чуьра арабевллачу "мажош йолчу тIеман барзакъца", нохчех тера болчу наха шайца дIавуьгуш. ХIетахь дуьйна из волу меттиг хууш бац.

"Оьрсийн Би-би-си сервисо" билгалдоккху, волонтер кадыровхоша лачкъийна аьлла кхин совнахчу хьасташа информаци карарчу хенахь бакъ йина йац. Делахь а, гIирсан хаамашца, "Колотиловка" КПП-на гергахь куп тоьхна ду нохчийн дакъош.

Демиденко Александр – меттигера вахархо-пенсхо ву, цо гIо латтадо Оьрсийчуьра шайн даймахка цIа оьхучу украинхошна.

900 гергга стаг цуьнан хIусаме вусу буьйса йаккха. Хьалхо дозанхоша бехкаш дехкинера цунна КПП-хь раьгIнаш гулйаларна, шайн рагI тIекхачаре хьоьжучу нахана хIиттийначу хьелашна йиллина критика а йора цо.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

XS
SM
MD
LG