ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францихь хьехархо верна бехкевечу ГIалгIайчуьра вахархочо дуьххьара кийтарлонаш йина


Могушков Мохьаммад
Могушков Мохьаммад

Хьехархо вийна аьлла Францихь бехкевечу ГIалгIайчуьра вахархочо Могушков Мохьаммада дуьххьара кийтарлонаш йина оцу гIуллакхехула. Radio France хьасто дийцарехь, цо дIахьедина, ден адам – францхойн меттан а, литературин а хьехархо цхьана хIуманна къастийнера ша, хIунда аьлча, францхойн маттехула "республике, демократигахьа, адамийн бакъонашка болу безам, Iаламат довзийта тарло".

Le Parisien газето хьалхо хаамбира, бехкзуламан гIуллакх толлуш бахархойн агIор дакъалаца лиъначу Могушковн ненан иск кхело йухататтарх. Цо чIагIдора, кIанта лелийнарг шена а бале даьлла хилар: хьехархо вийначул тIаьхьа шен йоккхаха йолчу йоIаца кхечу меттиге йаха дехьайала дийзира цуьнан, цул совнах, Могушковн ненера схьайаьккхина жимахйолу йоI кхион бакъо а. Делахь а, кхело лерина и "лач зен" ду аьлла. Чиллан-беттан 7-чохь Могушковн нана а, шолгIа йоI а административан гIуллакхца лецира, пачхьалкхехь "йаха церан бакъо йуй хьожуш". Францхойн зорбанийн хаамашца, шайгара схьайаьккхина йоI йолчу йаха гIерташ хиллера и шиъ.

ГIадужу-беттан 13-чохь Аррасера школехь уьрсаца тIелатар дира. Вийра 57 шо долу францхойн меттан а, литературин а хьехархо Бернар Доминик. Кхин а кхаа стагана чевнаш йира. ТIелеттарг лецира- и хиллера 20 шо долу ГIалгIайчуьра вахархо Могушков Мохьаммад.

Францин хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, ша зуламана аравалале хьалха Могушковс ваIда дина хилла террорхойн "Исламан пачхьалкх" олучу тобана, иштта хьахийна хилла Израилан ХЬАМАС-ца тIом а. Аррасера тIелатаран а, Гергарчу Малхбалера хиламийн а уьйраш хиларх дIахьедира Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда а, талламхойн хаамашна тIетевжина.

Шен доьзалца Франци веана Могушков бер долчу хенахь. Аррасехь тIелатар динчул тIаьхьа къастарца, жимчу стеган воккхаха волу ваша хьалхо таIзар дина хиллера террорхойн артиклехула. Ткъа ша Могушков полицин тергонехь хиллера радикалан исламехь ву аьллачу шеконашца. ХIетте а бакъоларйаран органийн бахьана ца хилла иза лаца.

  • Йуьхьанца Могушков Мохьаммадца цхьаьна лаьцна, полици валийнера 10 стаг: цуьнан гергарнаш а, бевза-безарш а. Официалехь бехкаш дехкира царех шинна: тIелеттачун жимахволчу вешина а, шичина а – ший а берхIийтта шаре валанза ву. Хьалхарниг бехкево декъахь хиларна, шолгIаниг – бендоцуш Iарна (цунна хууш хиллера боху тIелатар дан кечлуш вуй, амма и йукъахдаккха кIад а ца дина).
  • Полицихь даьккхинчу кхаа дийнахь Могушков Мохьаммадан йишас францхойн журналисташка дийцина цунах лаьцна "къиза, радикалан хьежамаш" болуш вара иза аьлла. Цо дийцарехь, цуьнца а, ненаца а гIело латтош хилла вашас, тIе куьйг хьош а хилла. Хаамийн гIирсийн информацица, доьзалехь ницкъбар марздинарг хилла Могушковн да, Францира депортаци йина хилла цунна, Шема а вахана "Исламан пачхьалкхан" агIор тIемаш бан лаам хиларна. 2018-чу шарера схьа дуьйна доьзал и цхьаьна а воцуш баьхна.
  • Йоллу Францина бохам хиллера Аррасехь хилларг – тIелатар хиллачу школе президент Макрон Эммануэль а веанера. ТIаьхьо вийна Бернар Доминик дагалоцуш акци хIоттийра гIалахь, цига баьхкинера эзарнаш нах, бара царлахь тIелатар йемалдина бусалбанаш а.
  • Кхул а хьалха 2020-чу шарахь Парижана гена йоццучу меттигехь вийра историн хьехархо Самюэль Пати. Зулам динера 18 шо долчу нохчочо Анзоров IабдуллахIа, лоцучу хенахь вийра иза. ТIаьхьо жимчу стеган дакъа Нохчийчу дIакхачийра, цигахь вазвина Iадаташца лаьтте кхводийра иза. Йуьхьанца дуьйцура, литературин урокехь Мохьмад Пайхамарна йехкина карикатураш гайтарна Пати вийна бохуш. Делахь а тIаьхьо къаьстира, цунах лаьцна хаамбинчу йоIа харцдерг дийцина хиллий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG