ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францихь нохчийн мухIажарна экстрадици йар йухаэцна – АлбаковгIеран цхьахволчу вешина


Албаков Iимран. Интерполон сайтера цуьнан агIонан скриншот
Албаков Iимран. Интерполон сайтера цуьнан агIонан скриншот

Францира депортацин набахтера арахецна 36 шо долу Нохчийчуьра вахархо Албаков Iимрн. Иза Оьрсийчоьне дIалуш бина хилла сацам кху деношкахь Лионера апелляцин кхело йухаэцна. Цуьнан воккхаха волу ваша Ислам хIинца а лаьцна вуьсуш ву Бельгихь.

Оьрсийчохь бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанашлахь дакъалаьцна бу аьлла Интерполон лехамашкахь бара АлбаковгIар. Шена дохку бехкаш бух боцуш хилар тIечIагIдан аьтто хилла Iимранан. 2018-чу шарахь Лионера кхело листина дара АлбаковгIеран вежарийн гIуллакх, уьш дIа ца бала сацам а бира.

"Йуьхьанца Iимранна политикан мухIажаран статус йеллера, амма 2018-чу шарахь йоьдучу кхелехь цунах ваьккхира иза. Цул тIаьхьа кес-кеста куьгтаIо вогIура иза меттигерчу администраци. 2023-чу шеран гIадужу-бутт бовш лецира иза, хаттар хIоттийра – миграцин статус а йоцуш оццул хеначохь Лионехь муха ваьхна иза аьлла. Шаьш Iедалхоша дIайаьккхинера статус, цул тIаьхьа бехказа а ваьккхира иза, ткъа хIинца хоьтту – мича буха тIехь Францихь ваьхна?", - дийцина Кавказ.Реалиига, АлбаковгIеран доьзална тIетевжина "Европера машаран хIусам" бакъоларйаран организацин векало Газиева Фатимас.

Цо бахарехь, миграцин набахтехь лаьцнарг латтон йиш йара кхаа баттахь, цуьнан хан чекхйолура кху беттан 24-чохь. Оцу заманчохь масех кхелан кхеташо хилла, цигахь тоьшалла дира, нагахь санна Iимран Оьрсийчоьне дIалахь цуьнан могушаллина а, дахарна а кхерам хиларх. Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан проктикана а тIетоьвжира адвокат.

Газиева Фатимас билгалдаьккхира, карарчу хенахь Албаков Iимран шен доьзалца ву аьлла. Делахь а, хIара хаам зорбане боккхучу хенахь иза лоьхуш хиларх карточка Интерполон сайтера дIадаккхаза ду.

Албаков Iимран маьршаваккхарх хьалхо хаамбира нохчийн жигархочо Янгулбаев Абубакара, цуьнан адвокатана тIетевжина.

Iимранан воккхаха волу ваша Албаков Ислам Бельгехь депортацин набахтехь ву 2019-чу шарера схьа дуьйна. Оьрсийчоьно лехамашка велла ву иза а. Бакъоларйархоша дIахьедо, набахтехь латточу йукъанна цуьнан могушалла кхин тIе а талхарх, бIаьрса а дайначу новккъа ду, кхачам боллуш лоьрийн дарба а дац цунна деш аьлла.

Венехь а, Брюсселехь а митингаш дIайаьхьира Албаков Исламехьа гIо доккхуш дечкен-беттан 10-чохь. Нохчийн диаспоран векалша а, бакъоларйархоша а тIедожийра Бельгин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина Нохчийчуьра мухIажар маьршаваккхар.

  • 2018-чу шарахь АлбаковгIеран вежарий Ислам а, Iимран а лаьцнера Францихь, хIунда аьлча, Интерполон лехамашкахь хиллера ший а. Оьрсийчохь уьш бехкебо гIаттамхошлахь хиларна. Лионера кхело бехказаваьккхира ши ваша, цул тIаьхьа Ислам Бельги шен доьзал болчу дIавахара. 2019-чу шеран чиллин-баттахь йуха а лаьцна иза, депортацин центре дIавигира, цуьнан гIуллакх теллина даллалц. 2020-чу шарахь нохчийн диаспоран векалша митингаш хIиттийра, тIаккха витира иза Оьрсийчу дIа ца хьажош.
  • 2023-чу шеран гIуран-беттан 31-чохь Венехь депортацин набахтена хьалха митинг хIоттийнера, Австрихь лаьцна латточу мухIажарийн бакъонаш хьешарна дуьхьал. Бахьана дара цхьахйолчу набахтехь Нохчийчуьра жимстаг кхалхарх кхаьчна хаам.
  • Хьалхо Нохчийчуьра мухIажарша мацалла кхайкхийра, цара дIахьедора Хорватира куьпарчу белхахоша шайна тIехь къизаллаш лелайо аьлла. Иштта цара дийцира, бахьана доцуш, шайггарчу экстремизмаца боьзна бу аьллачу шеконашца шаьш цигахь латторах. Итт де дьалча шайгара хьал эшча, Хорватина тIехь Iуналла дечу органаша цхьана а кепара тидам ца бича, мацалла сацийра цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG